Вовшашка дист а ца хуьлуш, цхьа хан йалийтира ӏелас а, Айзас а.
– Хьо чукхачаре сатуьйсуш ӏийра со, Айза. Вайша селхана вовшех къаьстича санна, хьо къанйелла а хир йац, къона сайна хьалха хӏуттур йу, моьттура суна.
– Хӏетахьлера хьан Айза хӏинца йац, ӏала. Иза берхӏитта шо хьалха йелла. Ас дукха сатийсира хьоьга. Дийнахь а, буса а хаддаза. Тӏаккха дог диллира. Ткъе ворхӏ шо хьалха махках ваьлла, Сибрех вахийтина Хортӏин кӏант Овхьад, массара а велла лоруш волу, кхо бутт хьалха цӏа веара. Хӏетталц хьо дийна хиларх догдиллина ӏаш йолчу сан даг чохь йуха а хьо дийна хиларе, цӏа верзаре дог дохуьйлин цӏе къедира. И кхо бутт, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб йайна баьккхина ас. Цхьана агӏор, хьо дийна хиларе, винчу йуьрта, хьайн кӏантана тӏе цӏа верзаре сатуьйсура. Ткъа вукху агӏор… Хьо цӏа вале суна ӏожалла лолахь бохуш, Деле доӏанаш дора… Амма Дала жоп ца дели сан дехаршна…
Айза йуха а йелха йолаелира.
– Хьо хӏунда йоьлху, Айза?
– Со бехке йу хьуна хьалха. Со кхечу стагаца йеха берхӏитта шо ду…
– Хаьа суна.
– Ас хьуна эхь дина… Сан цӏий хьанал ду хьуна…
– Хьан бехкенна хилла а, лелла а хӏумма а дац, Айза. Дерригенна а бехке хӏара хала зама йу. Замано къастийра вайшиъ вовшех. Замано кхоьллинчу халонаша, баланаша, бохамаша йахийтина хьо маре а. Далла хьалха а, суна хьалха а цӏена йу хьо, Айза. Со Сибрех вахча, жимачу шина кӏантаца цхьа йисира хьо. Кертахь, цхьа гирда бен, йалта а, бежана а, атталла газа-уьстагӏ а доцуш. Дола дан, гӏо дан да-нана а, вежарий а, марзой а боцуш. Со дийна ву-вац а ца хууш, биъ-пхи бутт баьлча, хьайн а, шина кӏентан а дола дийр долчу стаге маре йаха бакъо йара хьан бусалба динехь. Ахь ткъа шарахь ладийгӏина соьга. Айхьа къахьоьгуш, баланаш, халонаш ловш, ши кӏант а кхиийна. Цхьаъ Дала дӏавигча, шолгӏаниг, зуда а йалийна, ваха а хаийна. Хьо маре муха йахана а, хӏунда йахана а, хаьа суна. Оцу тӏехь вайшиннан къамел, цунах лаьцна кхин дуьйцур доцуш, чекхдоккхур ду вайшиммо. Со даггара къинтӏера ваьлла хьуна, со санна, и Дела а волийла хьуна къинтӏера. Ахьмад ас даим сий деш, лоруш хилла, хьекъале, оьзда, доьналле къонах ву. Кхуза схьаоьхучуьра адамаш севцча, хьох дага а волуш, паргӏатехь охьа а хиъна,