Коьртахь дуькъа хьийзинчу боьмашчу холхазан куй а, когахь пезагаш тӏехула йуьйхина керла неӏармачаш а йара.
Баккхийчу наха хӏораммо а шен рогӏехь дуьйцура къоначу хенахь шаьш лелийнарш а, шайна гинарш а, хезнарш а. «Дагадогӏий шуна…» – олий, волалора хӏора а, тӏаккха цуьнга ладоьгӏучеран бӏаьргаш хьалха хӏуьттура оцу денойн эрчалла, карлабуьйлура тӏеман иттаннаш шераша хеназа дӏабаьхьна шайн дай, вежарий, доттагӏий, нийсархой, наной, йижарий. Йа тӏамо, оцу халчу замано, халкъан иллешкахь бийца кхоьллина турпалхой.
– Эхӏ, ма кӏант вара иза! Кхоам бара цуьнан лаьттах гӏойла! – хезара йукъ-кара.
– Кхин вайна гур йоцуш, дӏайаха вайн маршо. Ирсе хили хӏетахь белларш. Делан цхьана таӏзарна санна, вай цхьа декъазнаш дийна дисина, хӏара баланаш, халонаш лан.
– Шек ма довла шу, кӏентий, вайна маршо гун йолу де гена дац, – гӏайгӏане эгначу нехан дог-ойла айа гӏоьртира Овхьад.
– Хӏан-хӏа, Овхьад, иза ӏедало йухалур йац вайна.
– Вай схьа ца йаккхахь, лур йац. Цуьнгахьа къийса деза.
– Къийсарх гӏуллакх хир доцийла, хиъна вайна. Йуьхьанца вешан маршо ларйан гӏерташ, тӏаккха, иза ваьшкара дӏайаьккхича, йухаерзо гӏерташ, масех бӏешарахь тӏом бина вай а, вайн дайша а. Дерриг а эрна хили. Нийсса ах къам оцу къийсамехь хӏаллакьхили. Вай лаьмнашка а лаьхкина, керстанаш вайн мехкан дегайуккъе охьахевши. Вайн махкахь цхьа а керста воцчу хенахь уьш чугӏоьртича а ца ларийна вай, хӏинца муххале а ларор дац. Керла тӏом болабахь, дисинарш а хӏаллакьхир ду вай. Ткъа делла дуьненара дӏадаьллачу халкъана маршо ца оьшу.