Хьуьса-Молла а, Панта-Хьаьжа а, хьала а гӏеттина, дӏавахара. Дисина адамаш, вовшийн дӏаса а тоьттуш, ӏелина тӏегулделира.
– Уьш тамашийна нах хилла!
– Ткъа кестта хир дуй-те цара дуьйцург?
– Кестта хир ду, бохура. Цара иза муха дийр ду-м, ца хаьа суна. Вайн хьекъалийн ницкъ кхочур бац оцу гӏуллакхийн кӏорге ган. Цӏа вогӏуш бехачу новкъахь цӏерпошта тӏехь соьца нисбеллачу оьрсаша дуьйцуш хезна суна, шегарчу ӏазапна а, Японица тӏом болорна а реза доцу оьрсийн халкъ Россин йаккхийчу шахьаршкахь паччахьна дуьхьал гӏуьттуш ду бохуш. Ткъа ас бийцинчу тутмакхаша олура, Россера дерриг а халкъаш цхьаьна а кхетта, цхьабарт болуш ца гӏевттича, цхьана къоме шегга паччахьера, хьоладайшкара маршо йаккхалур йац. Оцу гӏаттаман коьртехь Россехь уггар доккха долу оьрсийн халкъ хила деза. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша Россерчу кегийчу къаьмнашкара дӏайаьккхина маршо царна йухаерзо декхар ду оьрсийн къоман. И декхар кхочушдан оьрсийн къомана гӏо дан деза дисинчу къаьмнаша массара а. Оцу тӏехь и тутмакхаш бакълуьйш санна хета суна.
Ӏелас дуьйцучуьнга ладоьгӏуш ӏачу Ахьмада, иза сацо гӏерташ, мосазза а муьшка йира цунна. Шен къамел цо ца сацадойла хиъча, хьалагӏеттира Ахьмад:
– Хӏан, цкъа дӏасадовлал, делкъан ламаз дийр ду вай. Схьаоьхучуьра адамаш лагӏделлачуьра, ӏелас жимма садоӏур.
Лулахойн цӏа чу а вахана, ламаз дина, вирд даьккхина, шаьшшиъ паргӏатваьлча, оцу къамелана тӏе йухавирзира Ахьмад.
– Вайша ваьшшиъ волччуьра, хьоьга цхьаъ ала лаьара суна, ӏела. Оцу нахана йукъахь ахь дукха майра хабар дийцира. Хьо сацо гӏерташ, хьуна муьшкаш а йира ас, хьо ца кхийтира. Хӏара ӏедал тӏедеача, хьалхалерчу къонахийн зама дӏайаьлла. Ӏедало шайна сом делча, шайн да-нана а духкур долуш дукха нах бу. Нахана йуккъехь айхьа къамел деш, ларлуш хила веза.
– Иштта нах хир буйла, хаьа суна. Цхьаммо хаттар дича, жоп ца луш ӏойла а, жоп луш бакъдерг йа сайна хетарг ца олуш ӏойла а ма дац. Шалхонаш лело ца ӏемаш, къанвелла со.
– Бакъдерг ца деза цхьанна а. Суна хетарехь, Дала адамаш дуьнен чу кхоьлличхьана дуьйна схьа цкъа а бакъдерг тоьлла а дац, нийсо хилла а йац. Бакъдерг оьшу, харцдерг тоьлу. Бакъдерг дуьйцучунна иза шена