Нахана ӏилма ӏамо а, нах кхето а вайшингахь ӏилма а, хьекъал а дац, и ший а вайшингахь хилча а, и болх бан хан а йац вайшиннан. Амма нах кхето гӏертар, нах зенех-зуламех, бохамех ларбан гӏертар, нах эрна хӏаллак ца хилийта гӏертар декхар ду вайшиннан, цхьана дийнахь бен дуьненахь ца вахахь а. Ткъа сан бала а кхаьчна, гӏалатех со ларван гӏортарна баркалла хьуна. Со ларлуш хир ву.
– Къаьсттана Хьуьса-моллех а, ӏабдих а ларло. Цаьршиннан бӏаьргаш а, лергаш а, меттанаш а ду нахана йукъахь къайлах лелаш.
– ӏабди хьенан, мила ву?
– Совдегар Хортӏа дагавогӏий хьуна? Цуьнан кӏант ву-кх.
– Овхьад а вац ткъа Хортӏин кӏант?
– Ву. Амма иза шен доьзале ца хьаьжна. Хортӏа а, ӏабди а вицвийр волуш, кхин цхьа кӏант а вара Хортӏин. Тӏаьххьара тӏом болуш, йурт тало а, йаго а чубаьхкинчу салташна хьалхаваьлла лелаш, Мӏаьчига а, Васала а вийра иза.
– Мӏаьчигах а, Васалах а хӏун хилла?
– Мӏаьчиган цӏа чу а къовлавелла, тӏом бира цаьршимма оцу дийнахь. Дуккха а салтий байъира цаьршимма, и шиъ а вийра.
– Дала декъалвойла и шиъ. Гӏийла, къен-миска ши стаг вара и шиъ, амма майра а вара доза доцуш.
Хьеший баьхкина аьлла, веанчу Дауда дӏавигира и шиъ.
Ӏела ган догӏу йуьртара а, арахьара а адамаш севцира. Шайн цӏа дирзира Ахьмад а, Айза а. Шен къаьхьачу ойланашца йаьссачу хӏусамехь цхьа висира ӏела.
Амма цул а холчохь дара Ахьмад а, Айза а.
Пхьуьйра ламаз а дина, суьлхьанаш дохуш, поппаран маьнги тӏехь голаш тӏе йуьхьар а вахана хиъна ӏара Ахьмад. Цуьнан ойланаш дукха гена йара ша Далла йечу ӏамална. Цуьнан хӏусамнана нехан стеган цӏартӏехь зуда ма йу. Ӏела дийна хиларх массара а догдиллинчул тӏаьхьа, ткъа шо даьлча, йалийна. Ахьмада ша дагаваьлла а ца йалийна. Хӏара, хӏусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висча, цхьана наха, вовшашца дага а бевлла, йалийна. Хӏокху шиннан а бертаза. Ахьмадан декхар дацара ӏелех йисина зуда йало. Дӏора гергара дацахь а, доттагӏалла ма дара цаьршинна йуккъехь. Цул сов, вовшийн чӏогӏа сий деш ши къонах ма вара и шиъ. Амма нахана карийра Ахьмад а, Айза а бертадало бахьанаш а, некъаш а. Йуьрта баьхкинчу салташа воккхахволу кӏант а вийна, цӏенош а дагийна, кертахь мел долчу хӏуманах а йаьккхина, пхийтта шо долчу