Хӏетталц паргӏат мах беш хилла базар, йохийнчу зингатийн туьйлигах тарлуш, цӏеххьана меттахъхьайра. Янаркъина гира, шайн хӏуманаш дӏа а лоьӏуш, уьш пхьаьрса кӏел лаьцна а, ги йетташ а, базарара адамаш дӏауьдуш. Дехьо йалташ духкучу могӏарехь гӏовгӏанаш йевлира. Цигахь мах бийраш дукхахберш нохчий хуьлу дела, хӏун хилла-те аьлла, сагатделира Янаркъин.
– Хьажал хьо, ваша, и схьагӏерта бехна тӏуртӏазбевлла гӏалагӏазкхий! – Янаркъина муьшка йира эткаш йухкучо. – Слепцовскера тхан станичникаш бу уьш. Цӏахь а, арахь а синтем бац-кх цаьргахьара! Хьолахойх бу уьш. Хьажахьа, хьажахьа! Велла волийла со, царна хьалха вогӏург тхан станицера къу Игнат вацахь! Ой, иза лаьцна, набахти чувоьллина ма вара? Хӏинца гӏалахь, базархула маьрша лела! Диканна схьа ца гӏерта уьш. Кхузара дӏавалий вайша?
Цо дуьйцучух ца кхетахь а, иза хьоьжучу агӏор дӏахьаьжча, Янаркъина гира, нах дӏаса а тоьттуш, воьлуш, терсаш, шайна тӏе схьагӏерта пхи стаг. Ламанхойн духарца кечвелла, коча тийсина тарраш долуш волу виъ гӏалагӏазкхи вуйла хиира Янаркъина, царах бӏаьрг ма-кхийтти. Ткъа царна хьалха вогӏу лекха, зоьртала стаг гӏалахойх вухавелла вара. Янаркъина ца везавелира маларо бӏаьргаш цӏийдина, йаххьаш севсина, техкаш, кхийсалуш цунна тӏаьхьавогӏу виъ гӏалагӏазкхи. Цара дагадаийтира цунна ши-кхо де хьалха Несарехь а, ткъа сийсара кхузарчу вокзалехь а хилла бохуш, дуьйцу дов.
– Хӏей, дед, верта духкуш дуй хьан? – Янаркъин белшаш тӏекхоьллина кхозучу вертанах пӏелг ӏоьттира оцу веанна хьалха вогӏучо. – Хӏун доьху ахь?
– Цхьа туьма, – элира цо, пӏелг хьала а лаьцна. – Один чорвон.
– Къена ӏовдал, оцу истангах туьма хьан ло хьуна? Ишттанехьа схьало, мах боцуш, – Янаркъин белшаш тӏера чоа, озийна, схьа а даьккхина, хьаьрсачу, стоммачу, лохачу гӏалагӏазкхичун кара тесира лекхачо. – Дӏаэца, гӏалагӏазкхи, хьоьгахь товш хир ду хӏара!