хьо?
Нохчо-эпсар, шена хӏумма ца хуучуха, ладоьгӏуш лаьттара.
– Хӏун ахча хьехадо цара? – хаьттира цо пиркечике.
– Йукъарло дийца аьлла, деллера соьга… вахмистрана дала. Шайн гӏуллакх шаьш галдаьккхи аш. Хӏан, дӏаэца шайн ахча…
Хӏорш девнаш деш лаьтташ, йоккхачу стеган, ӏадийча санна, цӏеххьана мохь белира.
– Со-и-ийп…
Дӏахьажавеллачу некъахочунна гира гӏопан кевнах араваьлла унтер а коьртехь кхо салти а, царна йукъахь ши куьг къевллина букъа тӏехьа дихкина валош стаг а. Йеха, оза йуьхь хьулйинера ӏаьржачу можо. Мекхаш дара бага а, мера чу а чоьш хьийзина. Амма нийсачу, элдарчу дегӏо а, кадечу боларо а гойтура иза къона стаг хилар. Йоккха стаг, тӏе а хьаьдда, маракхийтира цунна.
– Со-и-ийп… Нана лойла хьан… Хьуна тӏехь хӏун дина оцу къацахетарша?..
Кӏант ма-хуьллу нана тейан гӏертара.
– Ма йелха… Хӏумма а ца дина суна. Дуьххьалдӏа, корта-маж ца йаьшна…
– Стенна лаьтта шу, цушинга а хьоьжуш? – мохь белира йесаулан. – Дӏасадаккха и шиъ.
Салташа, цхьаммо къона стаг, вукхо йоккха стаг дӏаса а озийна, вовшахдаьккхира и шиъ.
– Нана! Хьайх хӏара Делан мостагӏий ма кхардабелахь… Сан дас хьайга дина весет дицделла хьуна? Хьо-м нохчочун нана йай… Дерриг лан собаре а, майра а хила кхоьллина…
Тӏехь салти а волуш, ши говр йоьжна гӏудалкх схьахӏоьттира царна улло. Къона стаг хьалха хьала а ваьккхина, гӏудалкха тӏевелира важа виъ а.
– Суна ма йелхалахь! Со йухавоьрзур ву…
– Со-и-ийп… Хьан да а ма вайна доьза… Сийначу Сибрехь… – тӏаьхьахьаьдда зуда, гӏорзанах ког а тасабелла, берталкхийтира.
Некъахочо, тӏе а вахана, хьалагӏаттийра йоккха стаг.
Ши салти а, тутмакх а, урамо голатухучохь дӏа а хьаьвзина, къайлавелира.
Хӏетталц ладоьгӏуш, йуьстах лаьттина воккха стаг, тӏе а вахана, зудчунна маслаӏат дан вуьйлира:
– Баккъал а, ма кхардабехьа хӏара Делан мостагӏий. Хьо йелхарх, къахета стаг ма вац царна йукъахь. Уггар хьалха и дӏогахь лаьтта ши нохчо а. Цӏа ваийта а ма мега. Суд йахь а, цхьа-ши шо хан тухур йу. Иза хӏинцца дӏаер йу. Цӏа вогӏур ву. Къона ву, могаш ву.
Зуда, кӏез-кӏезиг йогӏуш, маслаӏате йеара. Бӏаьргех корталин тӏемаг а хьаькхна, доккха садаьккхира цо:
– Иза-м вогӏур ву… Со йехар йуй, хаац-кх, хӏетталц…