– Вайна стенна оьшу ӏедалан бертаза йуьртан урхалле кхин нах харжар? Цул хьалхалеранаш ӏадда битича? Хьаькамашца гӏуллакх а догӏуш, йуьртана тӏедеанарг дӏалиста доьналла а долуш стаг ву Саьӏад…
– Ву, хьан дена неӏалт хуьлда!
– Дӏайала, пис!
– Собар, нах! – мохь туьйхира Бӏаьштага. – Шен ала дерг алийта цуьнга.
Нехан гӏовгӏанаш йевлча кхеравелла, йуьстах жима тоба йина лаьттачу Инарлагӏаьрга дӏахьаьжира Мудар. Инарлас корта таӏийра цуьнга.
– Доцца аьлча, Саьӏад йуьртда а, ӏабди писар а харжа веза вай, – шен къамел чекхдаккха сихвелира иза. – Ткъа оцу йуьртан урхалле харжа Хьуьсел, Панта-Хьаьжел, Инарлел бегӏийла нах бац кху йуьртахь.
– Къаьркъанан кедах дохкаделла хьо, зуд!
– Талу хилла, мерах туьйсийла хьуна иза!
Хамовс мосазза а мохь туьйхира, нехан гӏовгӏанаш совцо гӏерташ. Амма дуьххьара кхайкха гӏертачу нӏаьна-кӏорничух тера цуьнан йишхаьлла аз тӏепаза довра нехан оьгӏазечу маьхьаршлахь.
– Гӏовгӏанаш совцае, нах! – гонна йуккъе а ваьлла, ши куьг хьалалецира Дошас. – Уьшалахь пхьидаша санна, аш маьхьарий хьекхарх, хӏумма а нислур ма дац кхузахь. Цхьаммо къамел деш, вукхара ладогӏа. Шу ма гӏиллакхах доьхна!
– Стенна хьоькху аш и маьхьарий? – гӏовгӏанаш дӏатийна йукъ схьа а лаьцна, нахана тӏекъевкъира Хамов. – Варраша санна, аш хӏара маьхьарий хьекхахь, со-м баттахь а вер вац кхузахь харжамаш бина!
Тӏаьхь-тӏаьхьа чуьравуьйлуш, йаппарш йан воьлла пурстоп сацийра эххар а цунна хьалха хӏоьттинчу Солтас.
– Вир хьо ду-кх, пурстоп! Гирзе вир! Хьо кхузахь, къаьркъа а муьйлуш, сакъоьруш ӏачу хенахь ас тӏом бина. Хӏара сан пхьарс мичахь баьккхина, ца хууш ду хьо, хьаьрса зуд?
Солтин дешнаш салташна хезна хиларна кхеравелла Хамов цаьргахьа дӏахьаьжира. Цхьадика, гулбеллачу нахана йуьстахо кертах а тевжина, вовшашка лохха къамелаш деш лаьттара уьш кхоъ.