Сайн къоман маршонехьа, адамийн бакъонашкахьа ас къийсарна хиллера сох каторжник. Амма хьо мила хилла а, мила ву а, кхуза муха кхаьчна а, ма хаьа суна. Эскарехь гӏуллакхдеш волуш, хьо да волу бахам кехатех а ловзийна, айхьа дӏабаккхийтича, жимачу бераца зуда дӏакъаьстина хьох. Тӏаккха хьо маларехьа вирзира. Уьш а, кхин а тидаме а эцна, эпсарийн суьдан кхелаца эскарера дӏакхоьссина хьо, оьздачу нехан йукъараллехь цхьанххьа а тӏе а ца лаьцна, хьайн дехарца кхуза веана. Кхузахь, Нохчийчохь, хьекъална аьрта, оьздангаллех боьхна, къуй, малархой, кехатех ловзурш, кхин зуламхой а хьаькамаш мега дела. Хӏинца ваьшшиннах лаьцна къамел дуьтур вайша. Йерриг Россехь а, Нохчийчохь а, хӏокху округехь а хӏоьттина чолхе, карзахе, кхераме хьал хьуна хууш хир ду аьлла, хета суна. Ткъа хӏара йурт карзахйаьккхинарш хьо а, кхузара хьан бартахой а бу. Кхидӏа а аш хӏара питанаш леладахь, кхузахь цӏий ӏанарна кхерам бу. Цундела ас маслаӏате некъ хьоьху хьуна. Хӏокху гуламера нах шина тобане бекъабелла. Шина а тобано пхиппа стаг гайтина йуьртан урхалле харжа. Уьш итт стаг кхожа йукъавахийта, кхаж алсам баьлларш йуьртда, писар, къаной хир бу.
Хамовс иза аьттехьа а ца дитира:
– Округан начальнико къобалбинарш бен хоржур бац йуьртан урхалле. Кхидӏа хабарш дийца а ца оьшу!
– Йуьртан урхалле хоржурш, округан начальнико къобалбинарш бен хила йиш йац аьлла, дац законехь.
– Кхузахь законаш оха хӏиттийна ду!
– Дика ду хӏета. Тӏаьхьалонах жоп айхьа лур ахь.
Овхьад гонна йукъара дӏаваьлча, ӏабдица лохха къамел долийра Хамовс.
– Оцу хьан вашас, каторжнико, бохург дича, шуьнаш чекхбевр буй?
– Дог дохийла а йац…
– Хӏета шаьш кегийна худар шаьш даа деза аш! Шайчаьрца барт а бай, нах балха баханчу хенахь, цӏеххьана кхайкхалаш гулам, бехирий шуьга? Тӏаккха кхузахь дукхахберш шуьнаш хир бара, тодакхаш!
– Хӏинца хӏара харжамаш тӏаьхьалонга дӏататта ца мега?
– Хӏун аьлла?
– Суна карор ду бахьана…
– Дӏалалла хӏета!
Ӏабди нахана тӏевирзира: