– Сацае хьайн муцӏар, къена вир! Хьо хьанна хьалха лаьтта, хаьий хьуна? Дӏабаккха хьайн коьртара куй!
– Нохчийн гӏиллакх дац, коьртара куй дӏабоккхуш. Ткъа хьо мила ву а, хаьа суна. Овхьада вийцина, ма-варра…
– Хьайга бохург дехьа, ӏела, – кхеравелла, йукъавуьйлира Саьӏад. – Мухха велахь а, ӏедалан векал ма ву иза…
Ӏелин оьгӏазечу хьажаро дӏатевира Саьӏад.
– Ладогӏахьа, господин пурстоп, хьуна хаьий ткъа, хьо мила ӏамо, мила кхеро гӏерта? – Хамовна тӏевирзира ӏела. – Эрна карзах ма вийла. Сан кхузткъе пхийтта шо ду. Шун олалла тӏе ца лаца гӏерташ, сайн дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна, йалхитта шарахь шуна дуьхьал тӏом бина ас. Цхьа шо Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхӏитта шо Сибарен каторгин жоьжахатехь а даьккхина. Со цхьаъ вац оцу жоьжахатехула чекхваьлларг. Шун паччахьо тхоьгара мохк дӏабаьккхина, тхо лолле доьхкина. Тхан даьӏахкаш йуьйдина Россин а, Хонкаран а массо а маьӏӏехь. Шун инзаре боккхачу ницкъа кӏел ах хӏаллакьхилла тхан къам. Амма тхо гора хӏитто а, тхан коьртара куйнаш дӏадаха а ницкъ ца хилла шун цкъа а йа хир а бац. Кхин сан дегӏах шедакхаж ма ӏотталахь, ас могуьйтур дац хьуна!
Хамов шен тапчин хумпӏарх тасавелира.
– Ларлолахь, господин пурстоп! – шаьлтанан макъарна тӏе куьг а диллина, цхьа гӏулч хьалха тесира ӏелас. – Охьадахийта ши куьг! Ахь уьш меттахъхьадахь, ас чоко арахоьцур йу хьан!
Схьайаьстина хумпӏар тӏекъовла а ца ваьхьна, Саьӏадана тӏевирзира Хамов:
– Ткъа хьо хӏун деш лаьтта кхузахь, хорша йеача санна, вегош? Кӏилло! Массеран а цхьабарт бу шун, варраш! Салтий схьа а кхайкхий, дӏалацийта каторжник!
Оцу минотехь арахь гӏовгӏанаш йевлира. Корехула арахьажавеллачу ӏелина, Доша коьртехь а волуш, говрашкахь, герзаца масех стаг гира.
– Арадала оцу чуьра, Саьӏад боху гӏизби! – хезара Дошин мохь. – Аш ӏелин коьрта тӏера цхьа чо божабахь, хӏокху йуьртара шу иттех стаг сийначу цӏарах вагор ву!
Кхаш тӏера цӏа богӏу нах, шайна тешнабехк бинийла хиъна, цхьацца-шишша схьагуллуш, уьйтӏахь йоккха тоба гулйелира. Тӏехула тӏе, ша тӏе мел кхаьчначуьнга, пурстопо ӏела лаьцна, олура туркхо.
– Ахь тӏаьхьахьехна хир бу уьш? – ара пӏелг хьажийра Хамовс.
– Хӏан-хӏа, – корта ластийра ӏелас. – Цаьрга орца аллал доккха хӏума а дац хӏара.