Саьӏадгӏар шайн бартахошца гуламера дӏабахара. Йуьрто урхалле хаьржина нах дӏабаха, церан метта шуьнаш харжа аьлла, округан начальнико салташца схьаваийтина хьо. Харжамашкахь дакъалаьцнарш бӏе гергга стаг бен вац. Аш закон талхийна. Йурт карзахйаьккхинарш шу ду. Соьга ла а доьгӏна, тахана кхузара дӏабевлла и нах. Кхана соьга а ладугӏур дац цара. Изза дина аш кхечу йарташкахь а. Халкъ паччахьна, ӏедална дуьхьалдаьккхинарш шу ду, господин пурстоп. Мел шайна ца лаахь а, цкъа ӏедална, халкъана хьалха жоп дала дезар ду шун.
Букъа тӏехьа ши куьг а диллина, чухула дӏасаволавелира Хамов. Ӏелас шена тайниг, пелхьо алар дагах кхетта, оьгӏазваханера иза.
– Йоза-дешар хаьий хьуна?
– Цхьа таро йало.
– Хьан ӏамийна хьо?
– Каторгехь, бакъболчу оьрсаша.
– Муьлханаш бу и «бакъболу» оьрсий?
– Революционераш.
– И мотт дукха шера бу хьан, воккха стаг. Цо дикане кхачор вац хьо. Саьӏад, кехат а, къолам а лол. Таханчул тӏаьхьа айхьа паччахьна а, ӏедална а дуьхьал цхьа дош эр дац алий, тӏелацам йазбел суна… Йа хьашт дац. Къуръан да. Къуръан тӏехь дуй баор вай.
Гӏуллакх дан кечвелла лаьтташ волу Саьӏад, кехат-къолам охьа а тесна, араиккхина, Къуръан дохьуш, сихха схьавеара.
– Ас ма-аллара, дуй баал, – стоьла тӏе диллинчу Къуръанехьа корта ластийра Хамовс.
Ӏела ша волчуьра меттах ца велира.
– Иза дойла йац сан, господин пурстоп.
– Хӏунда?
– Со къена, гӏорасиз стаг ву. Амма сайн ницкъ а кхачахь, аьтто а нислахь, нохчийн халкъана хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, цуьнан маршонехьа къийса цкъа дуй биъна ас. Шалхонаш лело хан йац сан.
Ша хӏун дича бакъахьа хир ду ца хууш, воьхна хьийзара Хамов. Ӏела а, Овхьад а, лаций, Ведана дӏавалаве, аьлла цуьнга Галаевс. Овхьад цӏахь вац. Ткъа хӏара ӏела бехкевеш, схьалаца хӏмма дац. Саьӏада а, ӏабдис а боху хӏара йуьртан гӏуллакхашна йукъагӏерташ вац. Бехке хилча а, наха вуьгуьйтур а ма вац. Хӏокхуьнца волчу бархӏ салтичо хӏун дийр ду дийнначу йуьртана дуьхьал? Ца байахь а, герз а, говраш а йаьхна, дӏахьовсор бу. Тӏаккха иза Хамовна доккха эхь хир ду. Хӏорш леца лаахь, Галаев ша вогӏр ву кхуза, рота салтий а балош.
– Дика ду, воккха стаг. Тахана цкъа, къинхетам бина, вуьту хьо.