Сох керста хилла бохуш. Цкъа со охьа а виллина, сан кочахь жӏара йуй а хьаьвсира уьш…
– Оьрсийн, керстанийн дешар ӏамадарх, керста хуьлуш вац, – велавелира Соип-Молла. – ӏилма, иза бусалбанийн делахь а, керстанийн делахь а, ӏилма ду. Амма бусалба стага уггар хьалха ӏамо дезарг а, декхар дерг а бусалба динан ӏилма ду. Бусалба динехь гайтина, цхьана агӏор, диканиг, оьзданиг, къинхетамениг, хьаналниг, цӏенаниг – стеган дуьне а, эхарт а декъала хиндолу дерриг а. Вукху агӏор, боьханиг, зуламениг, къизаниг, хьарамниг – стеган дуьне а, эхарт а декъаза хиндолу дерриг а. Цундела массо а бусалба стаг бусалба динан ӏилма хууш хила веза. Амма дуьненахь ваха везачу стагана дуьненан ӏилма а хаа деза. Къуръан чохь Дала массанхьа а аьлла ӏилма ӏамаде, ӏилма долу стаг лера. «Зумар» суран уьссалгӏачу айатехь Дала боху, ӏилма хууш болу нах а, ӏилма ца хууш бодане нах а цхьана тӏегӏанехь нисбойла дац, ӏилма хуурш лакхахь бу. Пайхамара (ӏалайхӏи салам) дуккха а аьлла бусалба нахана ӏилма ӏамор тӏедожош. Аганара хьалагӏеттина, хьо кога воьлчахьана дуьйна, кошан лаьхьти чу верззалц ӏилма ӏамаде. Дезткъа шаре а ваьлла, цхьа ког коша а биллина хьо велахь а, ӏилма ӏамаде аьлла. Йуха а аьлла Пайхамара (ӏалайхӏи салам), иза Китай махкахь делахь а, ӏилма схьаэца. И бохург хӏун ду? И ӏилма дуьненан цхьана йистехь, муьлххачу а стагехь, муьлххачу а къомехь делахь а, цига а гӏой, хьайна ӏилма ӏамаде, бохург ду. Ӏилма хууш волчу бусалба стага Далла кӏезиг йина ӏамал, ӏилма ца хуучу бусалба стага Далла йинчу ӏамалал дуккха а йеза йу, аьлла Пайхамара (ӏалайхӏи салам). Кхин а аьлла Пайхамара (ӏалайхӏи салам), ӏилма ца хуучу эзар бусалба стагахчул ӏилма хуучу цхьана стагах чӏогӏа кхоьру шайтӏа. Иштта Дала а, Пайхамара а (ӏалайхӏи салам) ӏилма ӏамор тӏедиллина бусалба адамашна. Ӏилмано дуьне, ӏалам, дахар, адамаш, диканиг, вониг довзуьйту стагана, зенех-зуламех, бохамех ларвала ӏамаво. Ӏилма ца хуу адам а, къам а бодане, бӏаьрзе, къора хуьлу. Ша хьалха бина некъ, ша дина диканиг, вониг, шен гӏалаташ дицдо. Тӏаккха цунна ца хаьа тахана а, кхана а ша дан дезарг, зенех-зуламех, бохамех ларвала. Ша хьалха дийлийтина гӏалаташ йух-йуха а