тӏуьначу лаппагӏаш чохь а, набахтел тоьлуш йоцчу баракаш чохь а деха. Тхан берашна деша ишколаш йац, цомгашчарна больницаш а йац. Дӏахьовсал Суьйра-Коьрте. Нохчий цигара дӏа а баьхна, цига нефтан вышканаш хӏиттийна. Ингалсан, Францин, Бельгин хьолахошна доьхкина оьрсийн паччахьо шун мехкан хьал! Ткъа шу, хӏокху дашочу мехкан дай, сагӏадоьхургийн хьолехь далладо цо. Господинаш Ахвердовгӏар, Киреевгӏар бу цунах берсташ. Тхан, оьрсийн халкъан, долахь хӏара кӏерсагдевлла, берче белхан куьйгаш доцург, хӏумма а дац. Амма тхо белхалойл а йоккхачу къеллехь, холчохь бу оьрсийн ахархой. Тхо тхаьш а ду селханлера ахархой. Йарташкахь олалла дечу помещикийн къизаллой, цара тхайга хӏоттийнчу къеллой, мацаллой арадаьхна, болх а, доьзална баьпкан йуьхк а лаха гӏала даьхкина тхо. Вежарий-ламанхой! Паччахьан а, хьолахойн а лоллина кӏел садетта собар а кхачийна, царна дуьхьал гӏевттина оьрсийн белхалой а, ахархой а. Тахана революцин цӏе кхерста Россехь. Ахархоша багабо помещикийн бахамаш. Халкъо бакъонца бекхам оьцу шегахь ӏазапдаллорхойх. Оьрсийн халкъ маьршадала гӏерта бӏешерийн лоллех, ӏазапах. Амма мостагӏ вайн массеран а йукъара ву. Тхуна а, шуна а, Россерчу дерриг а халкъашна а тӏехь хӏара ӏазап латтораш оьрсийн паччахь а, хьоладай а бу. Шайна дуьхьал вайн барт ца хилийта, шайна дуьхьал вайн ницкъаш цхьаьна ца кхетийта гӏерта уьш. Вайна йуккъехь мостагӏалла латто питанаш туьйсу цара. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша хӏинццалц шуна тӏелоьхкура оьрсийн салтий. Хӏинца царна дуьхьал шайн маршонехьа гӏевттинчу оьрсийн къехойн цӏий ӏено дуьгу шу…
Вагонан корехула арахьоьжучу Мударна гира цхьана урамехула адамийн тобанна тӏейогӏу салтийн тоба. Иза адамашна тӏекхаьчча, хьалха вогӏучу эпсаро, саца а сецна, нахана тӏе а вирзина, мосазза а мохь туьйхира. Наха ша тергал ца вича, салташкахьа а вирзина, цаьрга омра дира цо. Тобанах а къаьстина, салташна тӏеваханчу цхьана стага цаьрга масех дош элира. Салташка куьйгаш а лестош, цхьаъ-м бохуш, маьхьарий деттара майданарчу наха. Эпсаро чехабора салтий, амма тоьпийн баххаш лаьтта а хӏиттийна, меттах а ца бовлуш лаьттара уьш.