Расу а хили сол хьекъале. Цо ладуьйгӏира Овхьаде. Ӏаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, цунна улло а хӏоьттина, тӏом бина цо. Гуьржехь а, Бакохь а паччахьан ӏедална дуьхьал летта, боху. Сибрехь ткъе ворхӏ шо хан а йаьккхина. Хӏетте а ца къарвелла. Къарвала дагахь а вац. Хӏумма а ца оьшуш, ваха аьтто а бара цуьнан. Хӏетте а ца ӏа. Цхьаъ хир ду-кх цуьнан дагахь. Ткъа сан кийрахь дог ца хилла. Сан дагахь даим а малар дара…».
Хӏаъа, Овхьад кхерийна, къарван ницкъ бац дуьненахь. Цунна ца бицбелла нохчийн къоман маршонехьа тӏамехь а, махкахбаьхна Сибрех а белла шен нийсарой, шен доттагӏий, шен бӏаьхаллин накъостий – Коьри, Болат, Къайсар, Юсуп, къена йуьртахой Мӏаьчиг, Васал, тангӏалкхаш тӏе хьалаоьхкина къона ӏаьлбаг, Дада, къена ӏумма а. Цунна цӏерш ца хаьа хӏокху тӏаьххьарчу шина бӏешарахь маршонехьа тӏамехь эгна бӏе эзарнаш нохчийн кӏентийн. Тахана лоллехь долу шен декъаза халкъ…
Хӏокху шарахь къаьсттана хьалхе а, шийла а тӏедеара ӏа. Аз кхолха дуьйлуш, кеглуш, хьаннашкахь охьадетталора гӏа охьадоьжна, дерзина довла а кхиале тӏедиллинчу лайн дозалло йуьхьарсетто дитташ а, генаш а. Дикка ханна дукъделлера йарташна йукъара некъаш а. Амма шеца гӏашсалтийн тоба а, гӏалагӏазкхийн бӏо а, ламанан артиллери а йолуш, йарташна таӏзар дан Веданара араваьллера и гӏуллакх бӏаьстенга татта собар кхачийна полковник Галаев. Цо шен омрица йарташна йелла хан чекхйолуш лаьттара. Хӏинца, хӏора йуьрта а хӏуттуш, цо дӏахьедора, ткъе диъ сахьт далале пачхьалкхан декхарш дӏа а ца такхахь, ӏедална муьтӏахь а ца хилахь, ша йарташ лаьттаца дӏанисйо олий. Ша дуьйцург моттаргӏина доцийла хоуьйтуш, цхьайолчу йартийн йистошка мосазза а йоккха топ а тухура.
Ведана округера дукхахйолу йарташ, цӏий ӏанор ца хуьлуш, къарйелла, кӏелсевцира цунна. Шайна тӏера пачхьалкхан декхарш а, ӏедална дуьхьало йарна таӏзарна тоьхна гӏуда а текхна ца ӏаш, цара Галаевна гӏо а дора цуьнан отряд шайна луларчу йуьрта кхалхо. И гӏо цара дукхахдолчунна уьш шайн йуьртара дӏабахархьама а дора. Полковникан омра кхочуш ца деш, йеккъа цхьа Гати-Юрт йисинера Веданан округехь.
Шен отрядаца Галаев чекхваьллачу йартийн хӏусамашкахь, хӏетта чуьра дакъа