правительствос. Ткъа сан округехь арахьарчу гӏоьне догдохийла-м муххале а йацара, атталла законехь суна хьакъ долу гӏо а ца до…».
Гати-Юьртана тӏе кхераме киртиг хӏоьттинера. Округан начальнико хьалха йелла ультиматум кхочуш ца йинера гатийуьртахоша. Пачхьалкхан декхарех цхьа кепек дӏа а ца йеллера, цхьа герз а ца деллера, ӏедало шен кара дӏабоьхучу нахах цхьа стаг дӏа а ца веллера. Делан къинхетам хилла, хӏетахь таӏзарза йисира церан йурт. Амма селхана, йаккхийчу тоьпашца салтийн а, гӏалагӏазкхийн а боккха бӏо а балош, Яьссел дехьа сецначу полконака и шен хьалхалера омра кхочушдан кхо де хан йелира царна. Ша аьлларг моттаргӏина доцийла хоуьйтуш, йуьртана тӏехула а, йистошка а ткъозза йоккха топ а тоьхна, дӏавахара. Йоккха топ йетташ кхерабеллачу зударша а, бераша а ӏадийна маьхьарий хьийкхира. Даьхни ӏоьхура. Кхерамазечу меттигашка дӏа а левчкъина, угӏура жӏаьлеш.
Тахана ӏуьйранна йуьртан майдана гулбелла пхийтта шарал лакхара берриг а боьрша нах, делкъан ламазана цхьана сохьтана дӏаса а бахана, йуха а цига дӏагулбелира. Масех тобане бекъабелла уьш, ва Дела аьлла, цхьана барте ца боьрзура. Цхьаберш сацам боллуш дуьхьал бара полконакан омра кхочушдан. Иза ца дан летта лийр ду вай, бохура цара. Шайн зударийн а, берийн а, мискачу бахамийн а ойла йеш болчу шолгӏачарна, пачхьалкхан цхьадолу декхарш дӏа а текхна, хӏара гӏуллакх машаре дерзо лаьара. Йуьртан хьолахошна а лаьара иза машаре дерзо. Пачхьалкхан декхарш дӏа а такхий, герз дӏа а лой, ӏедало дӏабоьху нах шайн лаамехь цунна тӏе а гӏой, дӏадерзаде, бохура цара а. Йуьртан бала болуш бацара и тӏаьххьарниш. Цкъа-делахь, ӏедална хьалха диканиш хила гӏертара. Шолгӏа-делахь, йуьртана тӏе йаккхий тоьпаш йеттахь, шайн цӏенош дохорна а, салтий, гӏалгӏазкхий чубагӏахь, цара шайн бахамаш талорна а кхоьрура.
Хьалхарчара бохург а дина, дуьхьало йар эрна дара. Иштта дуьхьало йинчу Чӏебарларчу масех йуьртара цӏенош дагийнера, салташа а, гӏалгӏазкхаша а бахархой талийнера, дуккха а нах лецнера. Изза дийр ду полконака кхузахь а. Ткъа пачхьалкхан налогаш а, кхиболу текхамаш а бан нехан ахча а, дӏадала герз а дац. Ӏедало дӏабоьху нах дӏа а