И кхерамаш цо къинхетамза кхочушбо. Цул хьалха хиллачу администрацис зуламхой деккъа шайн догӏмашца Сибрех бохуьйтура. Шайна тоьхна хан чекх а йоююю…ккхий, йа и чекхйалале бовдий, цӏа а богӏий, обаргийн, къуйн, талорхойн гӏеранех дӏакхетара уьш. Оцу уьнна дуьхьал дарба карийна Галаевна. Зуламхо шен берриг а доьзалца Сибрех вохуьйтура цо. Деца-ненаца, зудчуьнца, кегийчу берашца цхьаьна. Цигара ведда, иза цӏа ца ваийта. Цаьрца цхьаьна вадалур ма вацара иза. Ткъа шен хан а йаьккхина, цӏа веача, зуламхочун хьалхалера барзалла тӏепаза йовра. Иза, чуха санна, эсала хуьлура. Доьзалца цхьаьна ша Сибрехь чекхваьлла жоьжахате ца йицлора. Хаьара, шех цхьажимма а бехк баьлча, ша йуха а оцу жоьжахате дӏахьажор вуйла. Доьзалца цхьаьна.
Кхечу агӏор а болх жигарабаьккхинера Галаевс. Хӏара-м цунна дуьххьара дагадеана а, цо дуьххьара деш а дацара. Оьрсийн инарлаша бӏешерийн дохалла нохчашлахь лелийнарг, кхиамца зеделларг дара. Массо а йуьртахь къайлах айкхаш бу цуьнан. Айкхаллин мехалле хьаьжжина, царна мах ло цо. Ткъа хӏара нохчий ахчанна сутара бу. Айкхаша разбойник волу, йа вогӏур волу меттиг йийцича, салташца воьдий, йа цӏеххьана го бой, йа хьалххе кӏело йой, схьалоцу. Иштта схьа а лаьцна, цо ирхъоллийтина Зеламхин гӏараваьлла накъост, дишнийн Мехка. Зеламхас чӏир кхайкхийна Галаевга. Амма, Добровольский санна, корта боцуш вац иза. Цунна хаьа хӏокху округехь Зеламхас а, цуьнан гӏеранах наха а дӏа мел йоккху гӏулч. Массанхьа а Зеламхина доьгӏна борз лоцу гураш ду цуьнан. Хӏокху областера ӏедал даим дӏа кхерамна кӏел латтош волу и къармазе разбойник, цо схьа а лаьцна, когех-куьйгех буржалш а тоьхна, Соьлжа-Гӏала дӏавуьгур волу де гена дац. Тӏаккха цуьнан белшаш тӏехь инарлин погонаш хир йу. Хьанна хаьа, областан начальникан дарж ца лахь а, цуьнга гӏоьртташ лакхара дарж лур ду цуьнга.
Ша дика ойла а йина, округа тӏехь куьйгалла дан къастийнчу некъана йуьстахвийла дийзира цуьнан дӏадаханчу ӏай. Къоланаш а, талораш а, адамаш дайар а ун хилла даьржинера областехь. Къаьсттана Нохчийчохь а, Гӏалгӏайчохь а.