Ша лелочух воккхавеш иза а ма вацара. Амма иза ца тешара ӏедало шена маршо лур йу, шех къинхетам бийр бу бохучух. Хӏетте а, оцу зудчо и балхам бинчул тӏаьхьа, областан начальнике, инарла Михеевга дехаран кехат йаздира цо. Оцу дехарна дуьхьал жоп Зеламхе ца даийтира, газета тӏе зорба туьйхира. Иза Аюба дийшира Зеламхина.
«Масех де хьалха гӏараваьллачу обаргера Зеламхера ӏаьрбийн маттахь йаздина кехат деана ханна инарла-губернаторе, инарла-лейтенанте Михеевга.
Шен лаамехь ӏедалан караваха шена лаар хаийтарца цхьаьна, Зеламхас шен кехат тӏехь йаздо, ша обарг валарна бехке округан администрацин цхьаболу хьаькамаш а, гобаьккхина лело харцонаш а, йамартлонаш а, къизаллаш а хилар. Цуьнца цхьаьна цо инарла Михеевга доьху хӏокху шен кехате иза нийсонца хьажар а, шена гечдеш, къинхетамбарца, маршо йалар а.
Оц у кехатана жоп луш, Нальчикски йоцчу, областерчу йерриг а округийн начальникашна инарла Михеевс хӏара чулацам болуш циркуляци йахьийтина:
«Обарг Гушмазукаев Зеламхера соьга кехат деана, оцу кехат тӏехь цо дуьйцу ша обарг валаран бахьанаш, уьш нийсонан некъашца таллар а, къастор а, ша дуьйцучу бакъдолчарех тешар а, «Делан а, паччахьан а дуьхьа» шех къинхетам бар а доьху цо.
Зеламхин кехат ас дешна хилар а, цунна ас луш долу хӏара жоп а массо а йартийн маьждигашкахь бахархошка дӏакхайкхор молланашна а, къеданашна а тӏедуьллу ас.
…Зеламхас ца дийцича а, хаьа суна, цхьаццанхьа паччахьан гӏуллакхашка законаш ца лоруш а, уьш талхош а цӏена боцу нах нислуш хилар. Суна дика хаьа, оцу наха ӏедалан гӏуллакхашна доккха зулам деш а, бахархой ӏедалах тешамза бохуш а хилар, оцу зуламхошца къинхетамза къийсам латто безаш хилар. Амма Зеламхас хӏунда дуьйцу царах лаьцна, иза ша ма ву обарг валарца уггар хьалха законна дуьхьал гӏеттинарг, ша буьйцучу нахачул алсам закон талхийнарг а.
Закон талхийначарна, зуламхошна таӏзар Зеламхас схьалаьцначу некъашца ца до, уьш законехь жоьпе озабо, царна законаца нийса догӏу таӏзар до. Ишттачу нахана ницкъ беш а, уьш бойуш а, Зеламхас шеггара кхел а йеш, таӏзарш дар Дала а, пачхьалкхо а, адамаллин гӏиллакхаша а магош дац.