паччахьан хьаькамаш къиза бу, цара хьо тергалвийр вац, цига ма гӏахьара бохуш. Амма Бӏаьхо шен сацамна тӏера йуха ца велира. Чорний къона ву, лахара хьаькам ву, цуьнан хьекъал кӏезиг ду, полконак лакхара хьаькам ву, воккха ву, хьекъале ву, цо шега ладугӏур ду, шен кӏентех къинхетам бийр бу, бохура.
Бӏаьхо Ведана вахара. Округан начальникана, подполковникана Добровольскийна тӏе. Бӏаьхос цуьнга дехар дира, и дов шен кӏентан а, кӏентийн кӏентийн а бехкенна ца доладеллера, бехк муьлххачеран белахь а, шиний агӏорхьарчарех цхьацца стаг а вийна, чӏир нисйеллера, къинхетам а бай, лецнарш цӏа бахкийтахьара ахь аьлла. Добровольскийс доцца къамел дира цуьнга.
– Хӏара мила ву? Хӏун боху цо? – хаьттира цо талмаже. – Гушмацӏин да ву? Зеламхин ден да ву? И йовсарийн хӏу долийнарг хӏара къена бож йу? Царна къинхетам боьху хӏокхо? Къена ӏовдал! Гирзе бож!
Хьала а гӏеттина, стоьла тӏехула дӏакхевдина, Бӏаьхон, ло санна, кӏайн, йеха маж схьа а лаьцна, цуьнан корта дӏасаластийра подполковника.
Къона волуш, дегӏехь ницкъ болуш буьрсачу Шемална а ца къарвелла, берхӏитта шарахь гӏодайуккъера герз ца достуш, гила борз санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула кхирстинчу къеначу Бӏаьхон хебарша аьхначу йуьхь тӏехь кхузза бос хийцабелира. Цӏийлуш, ӏаржлуш, кӏайлуш. Дуьхьало йан куьйгаш хьалаайа гӏоьртича, цуьнан дуткъий пхьаьрсаш, даш санна, дазделла, охьадахара, настарш йегайора. Бӏаьрса гӏелделла бӏаьргаш, чу хиш хӏиттина, кхоьлира. Балдаш дегош, халла когаш а текхош, воккхачу хьаькаман канцеляри чуьра аравелира иза.
Цул тӏаьхьа ах шо даьлча Хорача хабар деара, тутмакхаш Соьлжа-Гӏала дӏабуьгу аьлла. Уьш ган боьлхучу зударшца кӏанте а, кӏентийн кхаа кӏанте а тӏаьххьара бӏаьрг тоха цига ваха вордан тӏе хьалаволуш, ког а тасабелла, охьакхетта, дӏакхелхира къена Бӏаьхо…
Соьлжа-Гӏалахь суд йира царна. Суд йина аьлла, цхьа бахьана лелийра. Шоӏипа Къуръан тӏехь дуй биира, Ушурма шен карах ца велла, иза ша-шен шаьлтан тӏе а кхетта велла аьлла. Ткъа пурстопа Черновс а Инжила тӏехь дуй биира, Элсана шен са далале шега элира, шена чевнаш йинарг хӏорш виъ вара аьлла. Гушмацӏа а, Зеламха а, ӏизраил а маршавоккхуш,