Царна йуккъехь и мостагӏалла хӏунда ду, ца хаьа шена бохуш, цецвуьйлура Губарев. Бакъду, гӏалагӏазкхашна нохчий а ца беза. Нохчо станицехула чекхволуш, къеначу а, къоначу а гӏалагӏазкхаша, зударша а, бераша а цхьаьна, тӏулгаш, гӏорзанаш, шайна караеанарг тӏеластайо цунна. Гӏалагӏазкхашна кӏордийна, хьех чекхбевлла и нохчий!
Губаревна дика хаьара, гӏалагӏазкхашца нохчийн мостагӏалла хӏунда ду. Нохчашкара дӏабаьккхинчу 400 эзар десятина уггар тоьллачу махка тӏе охьаховшийнера уьш ӏедало. Цхьанхьа йуьстах а ца ховшош, нохчийн йарташ, борзанан морзахца санна, станицашна йуккъе а къуьйлуш. Оцу йарташкара нохчий станицаша дӏалецначу мехкашна тӏехула дӏасабовла а ца буьтуш. Губаревс ма-аллара, цигахула дӏасабоьлхучу нохчашна тӏе къоначу, къеначу гӏалагӏазкхаша тӏулгаш-гӏорзанаш а йетташ. Нохчашна герз лелор дихкича, ткъа гӏалагӏазкхашна, бакъо йелла ца ӏаш, ӏедало иза латтош а хилча. Ӏедалан балхахь болчарна а, совдегаршна а бен, Соьлжа-Гӏалахь баха нохчашна бакъо луш а ца хилча… Дукха ду уьш, дагардича!
Кавказехь хӏоьттина хьал къастор доьхуш, Пачхьалкхан Думе лехам беллера шовзткъе берхӏитта депутато. Цуьнан авторш дукхахберш черносотенцаш а, царна гергарчу октябристех, кадетех масех депутат а вара. Тӏаьххьарчеран лидерш Пуришкевич, Гучков, Милюков, Родзянко, Марков, кхиберш а бара. Кавказехь хӏоьттинчу зуламечу хьолана наместник Воронцов-Дашков а, цуьнан администраци а бехке йора цара. Уггар хьалха Воронцов-Дашков а, цуьнан канцелярин директор Петерсон а, Теркан областан начальник Колюбакин а. Областийн, округийн, станицийн урхаллаш кхаьънашъэцархойн баннаш ду. Иза йерриг Кавказехь а даьржина. Националисташна а, сепаратисташна а, разбойникашна а, кхечу зуламхошна а дуьхьал латтош цхьа тайпа къийсам бац. Гуьржийн, эрмалойн, азербайджанийн националисташ, сепаратисташ, маршо а йелла, хецна битина. Мелхо а, наместник а, цуьнан чиновникаш а царах доглозуш бу. Теркан областера разбой сацо ницкъаш бу цигахь, амма иза сацо хьекъал а, доьналла а ца тоьу инарла Колюбакинна. Наместникан а, цуьнан администрацин а аьрталла бахьана долуш, оьрсийн пачхьалкхан ӏедал доха герга ду Кавказехь. Цигара администраци хийцар доьхура авторша.