Закавказье шена тӏехоьттинера Россис, амма Къилбаседа Кавказан ламанхоша сацам боллуш дуьхьало йора оьрсийн империн олалла тӏелаца. Империна тӏехоьттинчу Закавказье боьдуш лаьттахула некъ бацара Россина.
Цо Закавказье хӏоттийна ши ког дегӏах хадийнера ламанхоша. Амма иттаннаш шерашкахь цара колонизаторшна тӏамца йина дуьхьало чекхъелира ламанхой оьшуш.
Малхбузехьара ламанхойн цхьадолу халкъаш дерриг а, вуьш ах а махкахдаьхна, Хонкара а кхалхош, церан мехкаш тӏе колонисташ а ховшош. Тӏамо эзарнаш кӏентий а байъина, дуккха а Хонкара а кхалхийна, шайн махкахь бисинарш тӏулгийн лаьмнашка а боьхкина, гӏорасиз хилла барамехь кегий ламанан халкъаш, шайн маршонах дог а диллина, Россина дуьхьало а сацийна, къарделла, кӏелсевцира.
Россин къилбехьара дозанаш Теркан аьтту йистошка кхаьчча, цуьнан тӏеман ницкъашца дуьххьара тасадалар хилира нохчийн 1708-чу шарахь. Шолгӏаниг – 1721-чу шарахь. Оцу шарахь июлехь а, августехь а шозза Нохчийчу поход йира оьрсийн эскарша.
1721–1785-чуй шерашкахь, шайх Мансур коьртехь а волуш, къоман маршонехьа болам болабаллалц даьллачу кхузткъе деа шарахь йалхитта поход йира оьрсийн эскарша Нохчийчу. Оцу эскарийн ницкъаш кӏезиг а ца хуьлура.
Масала, 1758-чу шеран апрелехь инарла Фрауендорф коьртехь волуш, Нохчийчу йинчу походехь дакъалоцуш вара регулярни эскарийн 2196 салти, 3203 гӏалмакхо, 360 гӏумки, гӏебарто, гӏалгӏа.
Цхьайолу походаш, нохчийн йарташ йохайой, талайой, цхьана кӏиранах чекхйовлура, ткъа цхьайерш масех баттана йахлора. Иштта, оьрсийн эскаршна дуьхьал тӏом 1758-чу шарахь – ворхӏ баттахь, 1783-чу шарахь бархӏ баттахь лаьттира.
Хӏора поход оьрсийн эскаршна баккхий эшамаш хуьлуш чекхйолура.
Масала, 1785-чу шеран 26-чу июнехь Алда уллохь хиллачу тӏамехь оьрсийн эскарехь дакъалоцуш йара Астрахански полк, Кабардински гӏашлойн полкан батальон, Тенгински гӏашлойн полкан гренадерийн рота, Теркан гӏалагӏазкхийн масех бӏо. Оцу тӏамехь 300 салти а, 9 эпсар а, отрядан командир полковник Пьери а вийра, 200 салти йийсаре а лецира нохчаша.