Гуламан дакъалацархой дукхахберш лаьттан а, дохнан а долахой бара, ткъа царалахь а дукхахберш – гӏалагӏазкхий. Гӏумкийн а, ногӏийн а хьолахойх цхьа а трибуне хьала ца велира. Хетарехь, уьш кхоьрура нохчийн бекхамах. Гӏалагӏазкхийн санна, тӏеман ницкъ а церан бацара, ӏедалан тӏома кӏел а уьш бацара, цундела уьш тийна-таьӏна ӏара кхузахь. Говрийн заводан долахочо, гӏебартойн хьолахочо, доцца къамел дира, гӏалгӏаша шайна беш болу ницкъ балхош. Хӏокху тӏаьххьарчу масех бӏешарахь дуьненахь а гӏараевлла йара шаьш хӏу долийна кхиош йолу говраш. Гӏалгӏаша талораш деш, дийнна реманаш дӏайуьгуш, болх бан а ца дитина, говрийн заводаш дӏакъевлина шаьш, бохура цо.
Тӏаьххьара а трибуне хьалавелира Соьлжан отделан атаман. Цуьнан къамел буьрса, кхерамаш туьйсуш хилира:
– Нохчашкахьара зуламаш совцо ӏедало пӏелг пӏелгах тоьхна деш хӏумма-м муххале дацара, ткъа цкъацкъа цаьргахьа гӏо дохуш меттигаш а нисло. Масала, дукха хан йоццуш лаьттан доладаран хьокъехь Буритӏа-гӏалин Думо кхоьллинчу комиссин дӏахьедар схьаоьцур вай. Теркан областан туземцашкахь лаьттан къелла йу, боху цо. Гӏалагӏазкхаша аренгара дӏалаьхкина, нохчий тӏулган лаьмнашка, чӏажашка боьхкина, боху. Цунах а ца ӏебаш, цигара уьш дӏа а баьхна, цара гихь латта хьала а дохуш, тӏулгийн лаьмнийн тархашна тӏехь денйина лаьттан коржамаш шайн долайаха сатуьйсуш бу, боху, гӏалагӏазкхий. Гӏалагӏазкхашна ца оьшу и тӏулгаш. Далла бу хастам, гӏалагӏазкхийн долахь шортта латта ду. Хӏора боьршачу стеган сина ткъех десятина а кхочуш. Тӏаьхьалонна латтош а ду масех бӏе эзар десятина. Уггар хьоле, токхе, беркате латта. Шена чохь мехкадаьтта а, дарбане хиш а долуш. И мехкадаьтта доккхурш а, духкурш а гӏалагӏазкхий бацахь а, цунна тӏера йал ло гӏалагӏазкхашна. Оцу йолах кхоллайелла ворхӏ миллион сом капитал йу тхан, хӏора шарахь стамлуш, пайда луш. Кемсаш, басар доккху ораматаш, даьхни, говраш йу. Хиш ду, чохь шортта чӏерий а долуш. Стоьмийн бошмаш йу. Тхуна стенна оьшу оцу нохчийн сагӏадоьхургийн тӏулгаш? Масех шо хьалха Пачхьалкхан Думехь вайн депутато Масловс нохчашкахьа гӏо дохуш, воьлхуш дина къамел дагадогӏий шуна?