Цигаьрка а латийна, сирник лаьтта а кхоьссина, боккха баьккхина кӏур чу а тоьхна, эпсарийн йаххьашна тӏехула бӏаьрг кхарстийра атамана:
– Вай дӏатуху хӏора дӏаьндарг разбойникан хье йуккъе йа гиччошка кхета йеза. Амма хаалаш, вайн уггар кхераме мостагӏ къинхетам хилар. Вайн къинхетамо, догдикалло, гуманизмо, адамалло берзор бац акха туземцаш. Кхерамо а, къизалло а бен къарбийр бац уьш. Шайгахь алсам ницкъ хилча, толам шайгахь буьсур буйла хиъча, майра хуьлу нохчий. Амма шайна дуьхьал ницкъ гича, гӏаш йуккъе цӏога а таӏадой, бовду. Вай къинхетаме хила гӏертахь, вайн цӏий алсам ӏенар ду. Ткъа вайгара къинхетам хир боцийла хаахь, герз охьа а диллина, совцур бу уьш. Цуьнан локхалло, областан начальнико шен инструкцица вайна бакъо йелла, разбойник къайлаваьккхинчунна, и схьавала, герз схьадала дуьхьало йинчунна, веддачунна, вада гӏоьртинчунна, вайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна герз тӏетоха. Уьш, мотт ца хууш, хьайбанаш ма дац. Шайга хӏун боху, ма хаьа царна. Шодмаша, буйнаша кхерор бу уьш. Хье йуккъе дӏаьндарг тохий, хье тосуьйтуш, тур тохий, корта боккхуш, некхах, дага йуккъе ӏоьттинчу цхьамзане, хьовзийна, кхо го боккхуьйтуш, шайн ворхӏе дайшна тӏаьхьа дӏахьовсабе!
Хьаьсарта вахана атаман, хьала а гӏеттина, дӏасаволавелира:
– Отрядаш, цхьана пунктехь совцайай, дукха ма йита. Даим а дӏа царна дагахь йоцчу меттигашка массо а агӏор тӏелатарш дан деза. Къуй, разбойникаш лелачу даккхийчу а, кегийчу а некъашкахь кӏелонаш йан йеза. Бахархой кхерош а, ахчанах оьцуш а, разбойникех лаьцна хаамаш гулбе. Разбойникаш болу меттиг, герз долу стаг вийцинчунна ца кхоош ахча ло. Бахархошкара гӏуданна даьккхина шортта ахча ду оцу гӏуллакхна дайа. Хаалаш, нохчий хӏокху дуьненахь а сутара нах хилар. Шайна ахча делча, шайн бӏаьргаш а дохуьйтур долуш. Ахчанах шайн ден марчо а духкур долуш. Олуш ма-хиллара, цхьана куьйга пряник кховдае, вукху куьйга шед гайта.
Кхеташо чекхйаьлча, шен гӏоьнча штабс-капитан Григорчук, штабан начальник штабс-капитан Вобиц чохь а сацийна, важа эпсарш мукъа битира Вербицкийс. Сонехь лаьттачу тумбочки чуьра долийна къаьркъанан шиша, стака схьа а эцна, цкъа хьалха шена доьттина дӏа а мелла, шиша а, стака а вукху шинна хьалха теттира цо.