Ша Галаев вийчахьана ӏедал шена тӏаьхьа талла доьлча, шен доьзал Нохчийчуьра дӏабаьккхира Зеламхас. Кхузарчу массо а йарташкахь, кӏотаршкахь, лаьмнашкарчу жан гӏотанашкахь тешаме нах бара цуьнан, хӏара ларвеш, шайн синош а дӏалур долуш. Амма мостагӏий а бацара хӏумма а кӏезиг. Ӏедална хаьара Зеламхас дӏа мел боккху ког. Зеламхе а, цуьнан доьзале а кертахь цхьа буьйса йаккхийтина нах ӏедало хьийзабора, Сибрех хьийсабора. Ша-м вийча а шек ца волура иза, амма ша а, шен доьзал а бахьана долуш нахана бохам ца хилийта, иза Гӏалгӏайчу, ӏасса-хин лакхенга, лаьмнашка, дӏабигира цо.
Доьзал цига дӏабуьгуш, новкъахь, гӏалгӏайн Лаьжга-юьртахь кӏант хилира Бецин. Цунна ӏумар-ӏела цӏе тиллира дас. Уьш болу меттиг хӏинца цкъачунна къайлехь йара ӏедална, делахь а шеко йацара хенан йохалла иза гучуериг хиларан. Ӏедалан агентура йара генарчу а, гергарчу а нохчийн йарташкахь. Амма Зеламхин бӏаьргаш а, лергаш а дара массо маьӏӏехь. Соьлжа-Гӏалахь, Гӏалгӏайчохь, Буру-гӏалахь, Дегӏастанан лаьмнашкахь. Телеграфо санна, дика болх бора цуьнан агентуро.
Зеламхина дуьхьал генеральни операци йан таллархойн ханна отряд вовшахтоьхча, майраваьллачу Дудниковс, Хорача а вахана, йурт йаго кхерам туьйсуш, Зеламха а, цуьнан доьзал а къайлабевлла меттиг йийца бохуш, хьийзийнера цигара бахархой. Цхьа цӏа дагийнера цо, нах кхеро. И хаам шега кхаьчча, сихха Хорача вахара Зеламха. Дукхахдерг шен цхьаъ бен воцчу жимачу вешина Бийсолтина сагатделла.
Малх чубуза лахбелча, шен ши накъост эвла йистехь а витина, йуьрта вахара Зеламха. Урамехь иза тӏенисвелча, цхьаболу йуьртахой, хазахетий, тӏекерабовлий хьаьвзара, шайн хӏусаме воьхура, амма дукхахберш, доцца хьал-де а хоттий, дӏакъаста сихлора. Царна бехк а ца буьллура Зеламхас. Иза а, цуьнан да а, вежарий а бахьана долуш дуккха а бохамаш ловра хорачоша.
Элсангӏарах къаьстина, тӏе латта тесна тхов а, готта неӏ а, жима ши кор а, лоха уче а йолчу лаппагӏи чохь шаьш дехаш дара Билкъис а, Бийсолта а. Говрара чу а воьссина, цуьнан урх кертан хьокхи тӏе а тесна, иза керта ваьлча, дера леташ, схьакхийсалора бунна хьалха аьчган зӏенаца дихкина доккха, ӏаьржа жӏаьла. Цуьнан гӏовгӏа йаьлча, цӏа