– Вербицкийн отрядан коьрта ницкъаш Органца а, ӏассаца а хьала лаьмнашка татта кечбеш бу. Гуьмсерчу базарахь адамаш дайъина Ардабьевскийн отряд Хаси-Юьртахь йу. Схьахетарехь, иза Яркхсуций, Ямансуций хьала Нохчмахка гӏорта там бу. Арентӏарчу цхьацца йарташкара нах лоьцуш бу.
– Кхин хӏун ду?
– Газеташ деана ас.
Ара а ваьлла, говран тӏоьрмиг чуьра масех газет дохьуш веара Аюб. Гӏеххьачул дика оьрсийн йоза-дешар а, мотт а хаьара Аюбана. Амма новкъахь шаьш оьрсий совцийча, церан мотт шена ма-хаъара шера ца буьйцуш, гуттар а маьттазбоккхий, буьйцура цо.
– Хӏокху цхьана газет тӏехь бахархошка а, обаргашка а Вербицкийс бина кхайкхам а, хьоьга хьайгга, хьан цӏарах йаздина кехат а ду, – шина кхайкхаман чулацам Зеламхина боцца дӏа а бийцина, Зеламхе йаздина кехат, цхьа дош а ца дуьтуш, гочдира Аюба:
«Хӏинца, Зеламха, хьоьга!
Хьан цӏе йевза йерриг а Россехь. Амма иза хӏумма а хьуна хастаме ца йевза, хьан цӏе хьуна эхье йоккху массанхьа а. Хьайн да а, ваша а вала а витина, йамарт, стешха кӏилло санна, тӏеман арара веддера хьо. Коьллаш йукъа а, тӏулгашна тӏехьа а лечкъаш, дӏаьвшечу лаьхьано санна, дукха адамаш дайъина ахь, оцу тӏехьара схьа гучуваьлча, тӏе эткан кӏажа а хьовзийна, хьайн корта, аьтта, вичӏабоккхур буйла хууш. Тӏаме а вахана, цигахь майралла а, доьналла а гайтина, паччахье хьайх къинхетам байта аьтто нисбеллера хьан, амма хӏетахь ахь иза ца дира, стешха борз сана, цӏога а таӏийна, лечкъина ӏийра. Ткъа хӏинца къанделла, кан хилла жӏаьла санна, хьесталуш, балхамаш беш, ӏедалан хьаькамашка хьайна гечдар, къинхетам боьхуш, дехарш до ахь.
Хьаькамаша хьайн дехарна делла жоп хаьа хьуна. Со кхета, нохчийн дерриг а халкъана хьо къонах хета. Нагахь санна нохчийн халкъана ма-хеттара хьо къонах велахь, нагахь санна айхьа лелориг зударийн шарбал а йоцуш, боьршачу стеган хеча йелахь, нагахь санна хьайн дегӏаца жимма а эхь а, доьналла а ларделлехь, сан, эскаран старшинан Вербицкийн, кхайкхамна жоп луш, сох лата меттиг а, хан а билгалъйан йеза ахь. Хьан накъостийн барамехь сайца накъостий а болуш, ахь йиллинчу меттиге, ахь тоьхначу хенахь хьох лата цига дӏавогӏур ву со. Хьоьца разбойникаш алсам мел хили, дика хир ду, ас