Гӏалагӏазкхашна а, салташна а тӏекхийсалуш, дарделла летара жӏаьлеш. Уггар къармазенаш тарраша а, дӏаьндаргаша а дӏатедора.
Шина цӏа чуьра цӏеххьана схьатоьхначу тоьпаша масех салти а, гӏалагӏазкхи а вожийра. Оцу шина цӏенна тӏе масех минотехь пулеметаш а йиттина, гӏишлошна, дитташна тӏехьа а лечкъаш, уьдуш, текхаш, тӏебаха гӏоьртира салтий. Амма цӏенош чуьра схьа нийса йеттачу тоьпаша уьш улло ца буьтура.
Кӏотара чу а ца воьдуш, йисттехь, комарийн къеначу дитта кӏел тергаман меттиг а лаьцна, цигара дӏа операцина тӏехь куьйгалла дора Дудниковс. Агенташа шега дийцина Зеламха тӏевуссуш долу цӏа муьлха ду, ца хаьара цунна. Лаьцна цхьа гӏалгӏа шена тӏе а валавайтина, цуьнга иза дийцийтира цо. Чуьра схьа герз деттачу шиннах цхьаъ хиллера иза.
Ломан басешкахь, гаттийчу, гомачу урамашкахь говраш тӏехь лела хала а, кхераме а хиларна, гӏалагӏазкхаша шайн говраш, кӏотарна йисте а йигна, кертех дӏа а йихкина, уьш ларйан ши гӏалагӏазкхи хӏоттийра. Цхьана цӏа чуьра схьадетта герз сецча, гӏаш бевллачу гӏалагӏазкхашца цунна го бира Григорчука. Цӏа чуьра схьа герз тухий хьовса корашкахула чу тоьпаш йиттира цара. Амма цӏа чуьра схьа топ ца туьйхира. Григорчука ойла йора: «Къайллах арабевлла, бахана-те уьш? Йа байъина-те? Йа патармаш кхачийна-те? Йа цхьана хӏилланна дӏатийна-те?» Дикка ойла йинчул тӏаьхьа цунна дагадеара кхузарчу бахархойх цхьа-шиъ цӏа чу вахийта. Сихха ваханчу гӏалагӏазкхичо луларчу цӏеношкара воккха стаг а, зуда а далийра. Нохчийн мотт хуучу гӏалагӏазкхичун гӏоьнца оцу шинга омра дира Григорчука:
– Цӏа чохь дийна нах буй, хьовса. Дийна бацахь, церан герз схьада, – ӏуьттуш-тоттуш, и шиъ цӏа чу дахийтира цара.
Воккха стаг сихха аравелира.
– Вийна кхо стаг ӏуьллу цӏа чохь, – элира цо.
Тӏаьххье, ӏадийна, мохь хьоькхуш араиккхира зуда.
– Вай, орцах довлийша! Сан кӏант вийна хӏокху Делан мостагӏаша!
Тӏаккха, куьйгийн пӏелгаш даржийна Григорчукана тӏе а кхетта, цхьана куьйга цуьнан коьрта тӏера йеха месаш ийзош, вукху куьйга йуьхьах мӏараш тийса йуьйлира.
– Дӏадала, йешап! – мохь оьхура Григорчукан.
Цунна гӏоьнна веара цхьа гӏалагӏазкхи. Амма зудчо Григорчук дӏа ца хоьцура.