гӏалгӏа бахьана долуш, церан гергарчара йалх гӏалагӏазкхи а, итт салти а вийна вайн, берхӏиттанна чевнаш а йина. Ткъа вешан ӏалашоне кхача вай хӏинца а гена ду. Нагахь санна вай хӏара кӏотар йагайахь, дарбелла нах оцу ведда ваханчу пхеаннах дӏа а кхетта, кхин тӏе орца а даьккхина, новкъахь кӏелонаш йеш, тӏелеташ, отрядана даккхий зенаш дийр ду. Со реза ву разбойникаш чохь хилла ши цӏа даго. Тӏаккха Борахчу-ломахула дӏа, Зеламхин доьзал бу бохучу меттиге, дӏагӏуртур ду вай. Отрядан коьрта ӏалашо разбойникаш а, Зеламхин доьзал а схьалацар йу.
Зудчо мӏараш тийсина йеринчу йуьхьо ӏийжош, кӏамлуш, лозуш, сагатдора Григорчукан.
– Цуьнан локхалло Михеевс тхан отрядана йеллачу инструкци тӏехь дуьххьал схьа аьлла ду: отрядана герзаца дуьхьало йинчу а, омра кхочуш ца динчу а йуьртана, къаьст-къаьстанчу нахана луьра таӏзар де. Хӏокху кӏотаро вайна герзаца дуьхьало йина. Салтий, гӏалагӏазкхий байъина, чевнаш йина. Кхечу йарташна масална, хӏокху кӏотарна луьра таӏзар дан деза вай. Йа вуьшта аьлча, йурт йаго йеза.
– Кхузахь дуьхьало йинарг йурт йац, господин штабс-капитан, йуьртана тӏебаьхкина нах бу. Нийсса аьлча, йуьртахула чекхбовлуш, севцца нах бу. Цӏийнах хьовсар чекх а даккхий, ас билгалдина ши цӏа а дагадай, новкъа довла кечло!
Оьгӏазваханчу Григорчука, шен йуьхьа тӏехь чевнаш хилар дицделла, йуьхьах куьг хьаькхира. Массанхьа а цӏийн тӏадамаш хӏиттира.
Цхьана сохьтехь чекхделира цӏийнах хьовсар. Салташа а, гӏалагӏазкхаша а цхьа берданга а, масех шаьлта а йеара. Амма царах хӏораннан карахь, пхьаьрса кӏел, гихь ларчанаш йара. Уьш шайна ца гучуха, таьӏна ӏийра эпсарш. Тӏаьхьа оцу хӏонца тӏера эпсаршна бол бала безара церан.
Делкъал тӏаьхьа, кхузара йухайаьлла, къилбехьа дӏайолайелира отряд. И новкъа а йалале лаьмнашкахь даьржинера цо Цӏорхахь динарг. Вийначу Габисан кӏанта шен тайпанан нахе орца аьллера. Цунна тӏахьахӏиттира селхана новкъахь вийначу пхеа гӏалгӏачун нах а. Отряд лаьмнийн кӏорге хьалайаха йитира цара. Зеламхин доьзал бу аьлла, хорачочо йийцина меттиг а ца карийна, отряд, йухайирзича, дӏа ког мел баьккхинчохь кӏелонашна тӏенислуш, дуккха а дараш хуьлуш, арен тӏе