– Дера, хаац суна-м, Беци, кхузахь цхьана дийнахь дисар а кхераме ду-кх. Шуна бохам хилахь, ас Зеламхина хьалха жоп дала ма деза. Шу сох а тешийна ма дитина цо. Вешан кхоллам Делан кара а белла, новкъа девр ду вай.
Ши зуда йоьхна хьийзара.
– Къамел стенна дахдо? – аз айдеш, вистхилира Бийсолта. – Салтий схьакхачахь, хӏун дан деза? Чехкка новкъа довла кечам бе!
Уггар хьалха бераш кечдира шина зудчо. Ишттачу денна ӏалашдеш шатайпа довха духар дара церан. Шина йоӏана кхакханан йовха кетарш, даккхий корталеш, лекха бертигаш йолу калош. Мохьмадана а, Лом-ӏелина а гӏовталш, чоэш, неӏармачаш. Бумазин хечеш, массарна а тӏергӏан пазаташ а, каранаш а.
Шайца дӏайахьа йеза сал-пал кӏезиг йара церан. Цхьанхьара кхечухьа кхелхаш, шайна мохь ца бан, уггар оьшург схьа а оьций, йуьтура. Хӏинца а изза дира цара. Текх-цаца, оьшшучул кад-ӏайг, цхьа гирда ахьар, бедарш таьлсашна а, гали чу а йоьхкина, говрана тӏеехкира. Тӏаккха ӏумар-ӏела а, Ахьмад а шина зудчо ги а воьллина, новкъа бевлира уьш.
Цкъацкъа, ламанан басенца сетташ, хьийзаш, цкъацкъа, нийсса хьала, тӏаккха, нийсса охьа чу хуьлура готта некъ. Цхьацца меттигаш нислора, лакха тӏера охьахьаьжча бӏагор а богӏуш, ког шершина, галваьлла, бердах чуваханчун лахьо даьӏахк а карор йоцуш. Цхьаццанхьа гоьллелц догӏура ло, кхечахьа – ког ца соцуш шаш. Говран урх лаьцна, сих-сиха хийцалуш, лайлахь некъ боккхуш, хьалха воьдура Элбарт а, Бийсолта а. Царна тӏаьхьа – ши кӏант гихь Беци а, Зезаг а. Цаьршинна тӏаьхьа Муслимат а, Энист а. Массарна а тӏаьхьа – Мохьмад а, Лом-ӏела а.
Ши чаккхарма некъ бича, кӏадделира бераш. Уьш сих-сиха садаӏа соьцура. Кхерамечу меттигехь, куьйгаш лоций, цхьацца чекхдохура уьш Элбарта йа Бийсолтас. Гихь ши кӏант волу Беци а, Зезаг а кӏадйеллера, цара шайн дагара ца хаийтахь а. Кхин хӏун дийр ду а ца хиъна, говра тӏера цхьайолу йийбар дӏа а кхоьссина, таьлсийн шина оган чу ӏумар-ӏела а, Ахьмад а хаийна, важа диъ роггӏана говра а хаош, сарале кхин а цхьа чаккхарма некъ бира цара. Буса некъ бар хьехочохь а дацара. Гобаьккхина лекха лаьмнаш долуш, цхьана жимачу тогӏехь, мох ца кхетехь цӏе а латийна, буьйса йаккха севцира уьш.