Хӏетахь шина гӏалагӏазкхичо шена тоьхча, цоройн Азамата, гай тӏе мийра тоьхна, шалха вахийтира цхьа гӏалагӏазкхи. Цул тӏаьхьа когаш а бихкира лецначеран.
Йетташ бӏарзвича, веаммо барт бира Зеламхин доьзал болу меттиг йийца. Лецна дӏабигар бен, зударшна а, берашна а кхин хӏумма а дийр дац аьлла. Доьзал болу меттиг йийцича, когаш а, куьйгаш а даьстина, паргӏато йелира царна. Тӏаккха, шайна хехь лаьтта салти а вийна, ведира и виъ.
Зеламха сихха карийра царна. Хилларг ма-дарра дӏадийцира цуьнга. Уггар хьалха йамартхочух бекхам эца бахара уьш. Цӏахь вижина ӏуьллу Юсуп гӏаттийна, йуьртара ара а ваьккхина, цунна тоьпаш туьйхира. Дакъа аркъал а диллина, Юсупан кӏайделлачу, говран санна, даккхийчу балдаш тӏе цӏестан кхо кепек а йиллина, «Йамартчу зуьдан мах кхо кепек бу», – аьлла, йаздина некха тӏехь кехат дитира цара…
Беци а, Зезаг а кегийчу берашца цхьа йисира акхачу лаьмнашкахь. Хьехахь говр хааеллера а, хаац, буса йогӏий, берзалой угӏура, гена йоццуш совций. Салтий а гучу ца бовлура. Элбарта а, Бийсолтас а хӏокхарна кечдина дечиг а чекхдала герга дара. Цхьана денна а бен йалта а ца дисинера. Бакъду, гуттар а гӏаддайча баа тӏаьхьалонна битина пӏаьлдиг чохь цхьа сахь хиллал кхорийн цу бара церан. Ткъа хӏокхарна, шаьш мичахь ду а, ца хаьа. Хьалха дӏагӏур ду бохург хьехочохь а дац. Йуханехьа даха ницкъ а бац, хилча а, некъ а ца хаьа. Лулахь салтий бу. Элбарта а, Бийсолтас а Зеламхе хаам бийр бу аьлла. Амма царна маца карор ву иза, маца вогӏур ву иза.
Буьйсанна диллина ло мохо тӏехьекхна, хьехан бертиган ах дӏайуькънера. Когашца а, куьйгашца а ло дӏаса а хьаькхна, некъ баьккхина арайаьлла Беци, гена воццуш торха тӏехь лаьтташ масех стаг а гина, сихха хьеха чу йелира.
– Масех стаг ву гена воццуш лаьтташ, – мохь белира цуьнан.
– Салтий-м бац уьш?
– Бац. Суьйлий буй-те, моьтту суна.
– Хьо гиний царна?
– Муха ца го!
– Царна муха хиъна-те вай кхузахь хилар?
– Вайн цӏеран кӏур ма бу, хьехан бертехула ара а буьйлуш, хьалаоьхуш…
Зезаг, хьехан берте а йахана, ларлуш, арахьаьжира.
– Ва-й, Дела, схьабогӏуш бу-кх уьш! Вайша хӏун де-те, вашин зуда?
– Хӏун дийр дара вайша? Йохий ма хьийза. Хьо кхераеллий ма хаийталахь царна.