Эшкалахь Андронниковс ша лем ийцира шина зудчуьнгара. Бецина а, Зезагна а дукха эпсарш гинера. Добровольский, Чернов, Ханжалов, кхин лахарчу даржашкара эпсарш а. Хӏара гуьржи дуьххьара вацара цаьршингара лем оьцуш. И шиъ ӏеминера собаре хила а, ларлуш жоп дала а. Хӏун дара а, хаац, хӏокху мехкан къаьмнех эпсарш къиза хуьлура оьрсел. Андронниковх бӏаьрг ма-кхийтти, хиира цаьршинна цуьнгара къинхетаме дог дохийла йоцийла. Хьийзина ӏаьржа кӏужалш йолуш, хаза йуьхь-сибат а, куьце дегӏ а долуш, шовзткъа шо хенара стаг вара и гуьржи. Амма, меха дохка санна, йуьхьигаш ирйинчу дуткъийчу мекхаша а, пхьидан муцӏарх терачу дуткъийчу балдаша а, бӏаьрнегӏарш ца тухуш, лаьхьанан санна, хӏиттинчу къорзачу бӏаьргаша а гойтура оцу стеган дегӏаца оьздангаллин цхьа чо цахилар.
– Цӏе хӏун йу хьан?
– Беци.
– Зеламхин зуда йуй хьо?
– Йу.
– Маса шо ду хьан?
– Ткъе пхийтта.
– Бераш маса ду хьан?
– Пхиъ. Ши йоӏ, кхо кӏант.
– Хенаш мел йу церан?
– Йоккхачу йоьӏан дейтта шо, жимачу кӏентан цхьа шо.
Хеттарш а, жоьпаш а гочдеш гӏалгӏа вара, уьш дӏайаздеш эпсар а вара.
– Хьоьца йерг хӏун зуда йу?
– Сан марвешин зуда йу.
– Цуьнан майра мичахь ву?
– Кхо шо хьалха вийна иза.
– Зеламха мичахь ву?
– Ца хаьа суна. Цхьа бутт бу суна иза газа.
Шина дийнахь лейира Беци а, Зезаг а. Цаьршиммо даим а цхьа жоьпаш лора. Эххар а оьгӏазвахара Андронников.
– Ас ирхъуллур ду хьо, зуд! – бетах шеташ туьйсуш, Бецина тӏекъевкъира иза. – Хьан къотӏарчий, арсаш хьоькхуш, дойур ду ас! Дийца, мичахь ву Зеламха!
Цо аьлларг гоч а дина, шеггара тӏетуьйхира гӏалгӏачо:
– Хабар дуьйцу цо. Хьо ирхъолла-м хьовха, хьох пӏелг хьакхо а бакъо йац цуьнан. Хьайна хаахь а, Зеламха волу меттиг ма йийцалахь!
– Суна, Зеламха мичахь ву а, дийна ву-вац а ца хаьа. Масех эзар салтичуьнца тӏаьхьа а ваьлла, схьалецна, тхо зударий а, бераш а хьийзадо ахь. Иштта хьо майра а, къонах велахь, Зеламха лаца, алахьа цуьнга. Цо ирх а ца уллуш, урс а ца хьокхуш, топ тоьхна, хье дӏатосур бу хьан, алахьа цуьнга.
Гӏалгӏачо и дешнаш ца гочдира.
– Шена Зеламха газа цхьа бутт бу, дийна ву а, велла а, ца хаьа, боху.