Зеламхина цхьана минотана а ца бицло шен доьзал. Декъаза Беци а, Зезаг а. Меда а, Эни а. Мохьмад а, Лом-ӏела а, ӏумар-ӏела а, Ахьмад а. Ши зуда, ши йоӏ, виъ кӏант. Уьш набахтехь бу. Къаьсттана дукха ойла йо цо Зезаган. Нускалан хенахь, майрачух самукъадолучу, майрачух марзо оьцучу хенахь жоьра йисина иза. Дегӏаца Лом-ӏела а волуш. Цхьана-шина шарахь Зеламхагӏеран кертахь а ӏийна, кӏант хӏокхаьрга схьа а велла, шен нахана тӏе дӏайаха бакъо йара цуьнан. Маре йаха бакъо а йара. Цо иза ца дира. Кӏант а кхобуш, хӏокхеран доьзалехь сецира. Машаре дахар, синтем хилча а дара цхьа хӏума. Иза а, важа а ма ца хилира цунна. Зеламхин доьзалца, шен кӏантаца цхьаьна хӏара къаьхьа баланаш ловш йу. Шен дегӏал совнаха, иза да йолуш хӏумма а дац. Йа дегӏан да а йац. Даим дӏа ӏожалла йу цуьнан когийн кӏажаш а хьоьшуш, тӏаьхьахӏоьттина лелаш. Йа набахти йу даим а хьалха гуш. Хӏинца иза набахтехь хир йу. Кхидӏа церан кхоллам муха хир ца хаьа ша Дела воцчунна. Сибрех бахийта а мега. Бӏеннаш доьзалш бахийтина цига. Зударий, бераш, къенанаш. Хӏорш дуьххьара а, тӏаьххьара а бац. Зеламха бехке ву Зезаган дакъазаллина…
Шолгӏачу буса накъосташна тӏевеара Элбарт. Йеккъа цхьа цхьалго топ а, цхьа герка молха а, ткъех хӏоъ бохьуш.
Зеламхас карахь дӏасахьовзийра цхьалго топ.
– Кхин ца карий хьуна, Элбарт?
– Ца карий. Герз доцуш-м хир бацара нах. Къайладаьккхина. Шайгахь дуй хаийта ца баьхьа. Гергарчарна а. Адамаш кхерийна ӏедало.
– Оцу хьакхарчийн хӏун ойла йу, хиин хьуна?
– ӏассан тогӏехула хьалабогӏуш бу уьш.
– Андронников, Донагулов вуй цаьрца?
– Ву. И шиъ ву. Полковник Курдиев а ву. Хьо кхузахь ву аьлла, мотт тоьхна цхьамма.
Цхьа минот а хан эрна ца йохуьйтуш, ӏассан тӏай тӏе сихвелира Зеламха. Тӏай гена дацахь а, некъ хала бара цига. Некъ бан а бацара. Лаьмнийн тархашна тӏехула даха дезара. Ло. Шаш. Дуккханхьа а ког билла дагарца шах киртигаш йаха дезара. Ломах хьаладовлуш а, охьанехьа чудуьссуш а. Цхьана йуьххьехь эчиган йиъ зӏок йолу муш хьалакхуссий, тӏулгах йа диттах дӏа а тосий, цхьацца волуш, хьалаволура. Йа тӏулгах, диттах муш дӏа а боьхкий, охьачубуьссура. Кӏорга ло долчохь когех диркаш[3] йоьхкий, боьлхура.