Ткъа аш муха йалийнера Хушуллин йоӏ?
– Тхан вешина Хушуллин йоӏ а йезара, йоӏана тхан ваша а везара. Йоьӏан да-нана реза дацара тхан веше шайн йоӏ йаийта. Цундела, йоьӏан бертахь, тхан вашас новкъара дӏайигнера иза…
– Ткъа шариӏато ца магадо ден а, ненан а бертаза йоӏ маре йигар. Шолгӏа, мах бале оцу йоӏах куьйгаш ма тоьхна хьан вашас. Мах бина а боцуш, шун кертахь де-буьйса ма даьккхина оцу йоӏа. Дена, вежаршна, ден дена, ден вежаршна, иштта гергарчу божаршна а бен, шен йуьхь гайтар зудчунна магош ма дац шариӏато. И йоӏ шаьш йуьгуш, мосазза а шариӏат талхийна аш, Дала аьлларг ца дина аш. Изза дина махкатӏхойн йуьртдас а. Йоьӏан бертаза йига а йигна, йоьӏан бертаза мах а бина, масех баттахь иза шайн кертахь латтийна цара а. Йоьӏан бертаза, нуьцкъах маре йелла Хушуллагӏара а. Ша гайтинчу цӏенчу, нийсачу некъа тӏера ваьллачу стагана диканиг ма ца до Дала. Ткъа и захало долийчхьана дуьйна шу шинне агӏорхьарнаш Дала гайтинчу цӏенчу, нийсачу некъа тӏера йуьстахбевлла лелла. Цундела Дала шуна иза бекхаме даьккхина. Элсангӏара шайгара йоӏ схьайаьккхича, шайна эхь дина цара аьлла, церан боьршачу стеган шарбал йаккха дахана шу. Цара шух стаг вийна. Цунна дуьхьал аш
Элсан вийна. Элсанна дуьхьал цара Хьамза вийна. Тӏаккха аш церан ӏадод вийна. Дала адамаш дайа ма ца боху. Ша кхоьллина синош Ша дӏаоьцур ду, Шен гӏуллакха йукъа шу ма гӏерта, ма боху Цо адамашка. Хотӏе а доцуш, шена хаа а хууш, бусалба стаг ма ве, ма боху Цо. Бусалба стаг вийначунна Ша гечдийр дац, цунна кечйина жоьжахате йу, иза цкъа а оцу чуьра хьалавер вац, ма боху Дала. Ткъа аш, шинне а агӏорхьарчара, байъинарш Делах а тешаш, Далла ӏамал а йеш болу бусалбанаш бу. Хотӏе а доцуш, хаа а хууш бусалба стаг вийнарг вен магадо бусалба динехь. Куьг бехкениг. Ткъа аш, шиний агӏорхьарчара, куьг бехке боцу нах байъина. Аш къена Элсан вийна, ткъа цара къена Хьамза вийна. Тӏаккха аш иштта ӏадод вийна. Бехкениг къастош, шариӏатехь кхел йича бен, шун бакъо ма йацара и адамаш дайа. Мостагӏчун цӏийнах, тайпанах хилчахьана, шайн аьтто баьлларш байъина аш. Бехке боцурш а. Церан жоьра зударий бисина, бобераш дисина. Наной, хӏусамнаной, йижарий, бераш делхийна. Ткъа бахьана