Зеламхина ца дицлора шена кӏеззиг а дина дика. Цуьнан кӏант Мохьмад, лайлахула ца вахалуш, кӏадвелла соьцуш гича, Курдиевс схьа а эцна, говра тӏе а ваьккхина, шена хьалха охьахаийнера. Иза ца дицделлера Зеламхина.
– Курдиев ма хьеве.
Цкъа Донагуловн шина бӏаьрга йуккъе ниша лецира Зеламхас. Цуьнан хье баржийна дӏатаса. Тӏаккха даг тӏе хьажийра. Амма тоьпан лаг ца узура цо. Оцу шинхьа тоьхча, сихха лийр дара и дахкаделла суьйли! Цуьнан сихха са даккха ца лаьа Зеламхина. Цуьнга хӏара дуьне къаьхьа даийта деза. Хӏокху ӏедало Зеламхин доьзале санна. Велла а, дийна а воцуш. Мича тоха-те? Ши эпсар тӏай йуккъе кхечира. Цӏеххьана дагадеара Зеламхина мича тоха йеза. Донагуловн зуда хаза йу, боху. Цунна дукхайезаш. Иза мел дукхайезахь а, цунна уллора дӏаваьлча, кхин зударий а беза, боху. Дийцарехь, и Донагулов зударшца лела кхахьпа ду. И боьршаллин билгало дӏа а йаьккхина, ша дуьненахь йоккхучу ханна зударех, самукъанех дӏахадо веза иза…
– Аллахӏу акбар!
Цхьатерра йиъ топ йелира. Андронников а, кхин ши эпсар а охьавуьйжира. Донагулов, чукӏела ши куьг а таӏийна, цкъа шалха вахара, тӏаккха меллаша голаш тӏе охьалахвелира. Оццу хенахь кхо топ йелира накъостийн а. Тӏаккха шинххьа а сацам боцуш тӏеетта йолийра. Омра дала эпсарш синкхетамехь боцуш, цхьана ханна боьхна хьийзира салтий. Говрашкара гӏалагӏазкхий а, дегӏастанхой а, гӏаш салтий а, цхьаьнаийна, уьйриг хилла, керчара. Белларш а, чевнаш хилларш а тергал ца беш, уьш хьоьшуш, тӏехула лелхаш, ловчкъа меттиг лоьхуш бевдда лелара уьш. Эххар а эпсарш саметта баьхкича, церан омрица чхернаш тӏехьа а, оьрнаш чу а левчкъина, цхьа а ӏалашо а, низам а доцуш хӏаваэ а, дӏаса а тоьпаш йетта буьйлира. Болх бан йолайелира масех пулемет а. Амма цара шарахь герз диттича а, кӏелонехь болчу Зеламхагӏарна хила зен дацара. Цара дӏатуху цхьа а дӏаьндарг эрна ца йоьдура. Белла йа чевнаш хилла, охьаоьгура мостагӏий. Чевнаш хиллачара узарш дора, орца доьхуш, маьхьарий хьоькхура. Йуьхьанца уьш тергал а ца бора цхьаммо а. Оцу хьовр-зӏоврах пайда а эцна, маххьаш охьа а тийсина, шайн говраш хаьхкина, дӏабахара кхуза нуьцкъах балийна гӏалгӏай.