Шун меттана кхин хӏиттор бу. Мелла а хьекъаленаш. Шайн декхарш цкъачунна шайн гӏоьнчашна тӏедахка.
Михеев, кхин вист ца хуьлуш дӏа а хьаьвзина, нийсса гӏулч йоккхуш, вахана, ша зала чувеанчу неӏарехула къайлавелира.
Гӏалгӏайн тхьамданаш, дегнаш доьхна, йарташка бирзира…
Ша тоьхна ши кӏира хан чекхйаллалц а ца ӏийра Михеев. Гӏалгӏайн йарташкахь уггар карзахечарна йа обаргаш бевллачу йарташна кхерамаш тийса вуьйлира иза. Уггар хьалха декъаза кхаж белира Саламбекан йуьртан – Сагӏопшан. Йуьрте Саламбек схьавоьхура ӏедало. Нагахь санна иза схьа ца лахь, берриг а бахархой Сибрех а бахийтина, йурт йаго кхерамаш туьйсура.
Ткъа арахь октябрь лаьттара. Ткъевне, шийла, йочане. Лаьмнашка дуьллу ло а церан когашка кхаьчнера. Оцу мискачу нехан мискачу хӏусамашка гӏертара шийла ӏа. Нах боьхна хьийзара. Йуьртахо ӏедале дӏа а велла, шаьш а, шайн доьзалш а таӏзарх, бохамах кӏелхьардаха а ца лаьара. Саламбекан а ма бу доьзал. Зуда а, кегий бераш а. Шен лаамехь, хазахета ма ца ваьллера иза обарг. Халкъана орцахваьллера. Халкъан дуьхьа хьаннашкахула, лаьмнашкахула, экха санна, кхерсташ лела. Дӏатосу цхьа гӏулч а, цхьа минот а тешаме йоцуш. Ӏедалан харцонаша, къизалло – цхьана агӏор, къелло, эшамо – вукху агӏор, ма теттина иза оцу новкъа. Саламбек церан йуьртахо, ваша хилла ма ца ӏа. Иза гӏалгӏайн декъазчу халкъан кӏант ма ву.
Амма йурт йохайахь, зударий, бераш, къенанаш, цомгашнаш, заьӏапнаш йерзинчу стигал кӏел буьсу. Хӏокху махкахь битича а, уьш хьан тӏелоцур бу? Массо а ма ву холчохь, къен, шайн доьзалшна халла сискал тарйан гӏерташ. Буса шайн бераш охьадийшо мотт-гӏайба а ца тоьуш. Ткъа хӏокху шийлачу ӏай махках а баьхна, Сибрех дӏабигахь? Берий-м хьовха, баккхийчеран а дац тӏедуха а, когадуха а. Новкъахь дӏакхаччалц даа йалта а. Сибрех дӏа а кхачале, новкъахь лийр ду. Цигахь ӏа шийла ду, боху. Дӏатесначу туйна лаьтта кхачале ша а беш. Ши аьрша кӏорге латта гӏорадо, цкъацкъа иза аьхка а ца дастало, боху. Ӏай сеш, жӏаьлеш салазашна а дужий, дӏасалела, боху. Уьш дерриг а гина, лайна нах ма бу кхузахь. Цундела, шаьш хӏун дича бакъахьа хир ду ца хууш, боьхна хьийза Сагӏопшера нах.