тиллина, иза дегӏах хьарчийна, калош йуьйхина, араелира иза.
Саламбек аьрстхо вара. Аьрстхой шатайпа тукхум дара йа нохчий а, йа гӏалгӏай а боцуш. Церан мотт нохчийн а, гӏалгӏайн а шина маттана йуккъера бу, ала мегар дара, и ший а мотт шера буьйцура цара.
Нохчийн къомо иттаннаш шерашкахь шен маршонехьа тӏом беш аьрстхой даим нохчашца бара, царна улло а хӏиттина, церан а, шайн а йукъара маршо а, йукъара даймохк а ларбеш. Цундела 1865-чу шарахь паччахьан ӏедало нохчийн уггар къармазе пхи эзар доьзал Хонкара кхалхош, цаьрца цхьаьна аьрстхой а кхалхийра. Официале хаамашца даймахкахь бисинарг бӏе ткъе итт доьзал бара, уьш а, къена а, къен а, дукха бераш долуш а хиларна, битинера. Тӏаьхьа дуккха а аьрстхой къайллах даймахка цӏа бирзира. Уьш нохчашна а, гӏалгӏашна а йукъа а баьржина, царах эбелира. Цхьаболчара шаьш нохчий ду олура, кхечара гӏалгӏай ду олура.
Суламбек воккхахволу ваша вара Саламбекан, ткъа Арслан церан гарах стаг вара. Гергарлонна тӏе даьккхича, цул гергара дуккха а шичой, маьхчой бара Саламбекан, амма Арслан бераллехь дуьйна зевелла, вешел а тешаме, майра, доьналле, оьзда доттагӏ вара Саламбекан. Арслан цуьнан накъост хилла обарг лелаш вацахь а, цо ларвора Саламбек, Хадижатан а, берийн а дола а дора. Цуьнгахула Саламбекана хаьара округерчу ӏедало а, эскарша а дӏа мел боккху ког, йамартхой, ӏедалан айкхаш муьлш бу а.
Саламбек ойлане ваьлла ӏаш, хьалха схьакхечира Арслан. Иза зоьрталчу дегӏахь, болатан басахь йуьхь-сибат долуш, цӏена ламанхойн куьцехь Саламбекан хенара стаг вара. Ши доттагӏ вовшашна мара а иккхина, хьал-де хоьттуш воллуш, Суламбек а схьакхечира. Хадижата сихха кхача хӏоттийра царна хьалха. Чай меллачул тӏаьхьа ша цӏеххьана цӏаваран бахьана дийцира Саламбека.
– Арслан, кхана Буру-гӏала ваха веза хьо, – элира цо тӏаьххьара.
– Хӏунда?
– Адвокат Башир волчу.
– Цуьнца хӏун гӏуллакх нисделла вайн?
– Инарла Михеевс гӏалгӏайн тхьамданашка а, ткъа пурстопа вайн йуьртахошка а дина къамелаш шу хууш ду.
– Хаьа тхуна. Иза дуьххьара а ма дац. Дийца кӏордийча, совцур бу.
– Хӏан-хӏа, Арслан, хӏинца совцур бац уьш. Ӏасса тӏай тӏехь Зеламхас динчо карзахдаьккхина ӏедал. Тхоьца