ӏедало къинхетам бан а ма мега, – маслаӏате дог дехира Суламбека.
– Дала кхел йиннарг хир ду. Сайн лаамехь ӏедална тӏевоьду со, амма айса бинчу некъана дохковаьлла ца воьду. Ас харцонна дуьхьал къийсина. Ас халкъан мостагӏех бекхам эцна. Сайна ирс а, аьтто а ца лехна. Хӏумма а дохко а ца ваьлла.
Тӏаьххьалц цхьацца дуьйцуш ӏийна Суламбек а, Арслан а кӏета кхаччалц новкъа а ваьккхина, Саламбек а, Хадижат а, охьа а ца хууш, вовшашна бӏаьра а догӏаделла, лаьттира цхьана минотехь. Саламбека, вела а къежна, ши куьг даржийра. Хадижат, мара а кхетта, цуьнан шуьйрачу некха тӏе корта а таӏийна, аз ца долуьйтуш, белшаш йегош, са уьйзуш, йилхира…
Михеевс ирх ца олла, тоьпаш тоьхна вен дош делира Саламбекана. И дош Башира шена тӏекхачийча, доьзалан а, гергарчеран а ӏодика а йина, пурстопана тӏеваха Саламбек араваьлча, йерриг йурт гӏеттира иза новкъа ваккха. Массарна а хаьара иза шайна кхин гур воцийла. Зударий боьлхура, къонахойх цхьаберш цуьнан дог-ойла айа гӏертара, вуьш бист ца хуьлуш, цунна мара а лелхаш, кортош таӏабой, йуьстахбовлура.
Хала-м дера дара Саламбекана йуьртахойх къаста. Хӏокху итт шарахь уьш наггахь бен ца гуш, царах къаьстана леллера иза. Оцу итт шарахь цунна цкъа а ца гина нах а бара йуьртахь. Делахь а оцу итт шарахь, тахана цагинарг кхана гур ву, олийла дара. Хӏинца и дог дохийла а дӏайаьллера цуьнан. Итт шарахь ӏожалла лийлира цуьнан кӏажаш а хьоьшуш, цунна тӏаьхьайаьлла. Амма цо ӏожаллина тӏехь толамаш бохура. Шен де тӏекхаччалц. Иза ӏеминера цуьнца къийса а, ловза а. Ткъа хӏинца иза гуттаренна а къаьсташ ву йуьртах а, йуьртахойх а. Велла, кешнашка дӏавуьгу стаг санна. Кхана йа лама цунна тоьпаш тухур йу. Пенаца дӏа а хӏоттийна. Дуьхьало йойла а, кӏелхьарволийла а хир дац. Йа иза гӏертар а вац кӏелхьарвала. Хӏинца ӏожалла тоьлур йу. Иза-м даим а ма тоьлла адамел. Собаре йу иза, амма шен минот тӏекхаьчча, къиза ка туху. Тӏаккха Саламбекан дакъа гергарчаьрга схьалур ду…
Саламбека шен герз дӏаделира пурстопе. Тӏаккха пурстопа шина говран гӏудалкха тӏехь Буру-гӏала дӏавигира. Инарлица барт ма-хиллара, гӏоьмаш а ца тухуш, уллохь ха а доцуш. Цигахь набахти чу воьллира иза. Шакъаьсттинчу камера чу.