хуьлура. Саламбек цецвуьйлура оцу шиммо лелочух. Шиммо а цхьа хеттарш дора, хӏокхуьнан жоьпаш дӏа а йаздора. Хьо обарг маца ваьлла, хӏунда ваьлла? Муьлхачу талорашкахь дакъалаьцна, маса стаг вийна ахь? Хьан накъостий муьлш бара, хӏинца уьш мичахь бу? Шуьца уьйр йолу нах муьлш бара, йарташкахь шу хьанна тӏедуьссура?
Саламбекана хаьара, Зеламхех а, шен накъостех а ӏедална хӏун хаьа йа хӏун ца хаьа. Цундела ӏедална хууш дерг, цхьа а къайладаккха ца гӏерташ, дерриг а дӏадуьйцура Саламбека.
– Зеламхин тобанехь даим а хуьлуш верг тхо цхьа масех стаг вара. Атагӏара Аюб, Абубакар, Ишхойн-Эвлара Жабраил, Гихтӏара Хьамзат, Хьасанбек, Гелдаганара Зеламха, Цоцин-Эвлара Оьлсанкъа. Кхиберш тхо цхьанхьа хӏонце доьлхуш, тхан тобанах схьакхетара. Цхьана денна-буьйсанна. Тхуна ца хаьара церан цӏерш а, уьш мичара бу а. Тӏе, цара бӏаьргаш а, мара а доцурш гучохь ца дуьтуш, йаххьаш дӏахьулйора.
– Иза хӏунда дора?
– Вовшийн ца бовзийта.
– Цабевзачу нахаца иштта кхерамечу гӏуллакхана арадовлура шу?
– Тхуна тӏебалочарна бевзара и нах. Зеламхина а бевзара. Тхо дисинчарна а, царна а вовшийн ца девзара.
– Тамашийна хӏума ду иза. Со ца кхета цунах.
– Кхузахь тамашийна хӏумма а дац. Цхьанхьа оха тӏелатар дича, йа вуьшта, йийсаре лаьцна вигча, йа тӏаьхьа, цхьа хан йаьлча, накъостий ӏедале йа мостагӏашка дӏа ца бийцийта дора оха иза. Цундела суна а ца бевза и нах. Гӏуллакх чекхдаьлча, тхох дӏакъаьстара уьш. Наггахь верг тӏаьхьа тхох схьакхеташ меттиг а нислора. Дукхахберш, шайн кара хӏонц йеача, йуха гучу ца бовлура.
Тавричанин – жан долахо Месяцев Архип – йийсаре вигарна тӏекхаьчча, къамел дехо хилира цаьршиннан.
– Къастийна тавричанийн жаш хӏунда дуьгура аш? Уьш санна жаш долуш гӏалагӏазкхий, ногӏий, суьйлий, гӏумкий ма бара?
– Хӏокху махкара нохчий, гӏалгӏай дӏа а бахий, Сибрех кхалхабе аьлла, дехар эцна шайн стаг Мамонтов цара Петарбухе вахийтар хиънера тхуна.
– Месяцев Архип хӏунда къастийнера?
– Оха ца къастийнера иза.
– Хьан къастийнера?
– Хаси-Юьртан округан начальнико полковнико Котляровскийс.
Даим вусавелла хуьлу эпсар велавелира:
– Хӏара бегаш бен меттиг йац, Саламбек.
– Бегаш ца бо ас. Тхо Месяцевна