зӏенаш а йекош.
– И хӏун ду ахь дуьйцург? – мохь туьйхира цо. – Инарла Михеевс суна дош ма делла, тоьпаш тухуьйтур йу аьлла!
Шена хьалхара схьаэцна горгали бекийра суьдан председатела.
– Собаре хилалахь, Саламбек, – тӏехьа а хьаьжна, лохха вистхилира цунна нийсса хьалха жимачу стоьла уллохь хиъна ӏен Башир. – Прокуроран декхар ду и къамел дан. Цо хӏуъа дийцахь а, кхел суьдо йийр йу. Со а ву къамел дан дезаш.
Делкъе а йина, суд зала чу йирзича, адвокатана дош делира. Цо доцца, амма кӏорггера чулацам болуш къамел дира.
– Господин суьдан председатель! Господаш къаной! Лераме прокурор! Кхоалгӏа де ду хӏокху тӏаьхьарчу итт шарахь ӏедало зуламхо, талорхо, адамашдайархо, разбойник, кхин дуккха а сийсазе цӏерш техкина обарг Гасаоджев Саламбек, когех-куьйгех гӏоьмаш а тоьхна, гонаха ха а хӏоттийна, шуна хьалха хиъна ӏен. Хӏокху тӏаьхьарчу итт шарахь областехь мел хиллачу зуламашна иза бехке веш, къамел дира лерамечу прокуроро. Цо ша цхьаммо йа кхечаьрца декъашхо волуш динчу зуламашна а мукӏарло дина бехкевечо. Амма лерамечу прокуроро иза бехкево дукхахдолу зуламаш Гасаоджевс ца дина, йа оцу зуламийн декъашхо а ца хилла иза. Лерамечу прокуроро, иза бехке веш, дукха тешаш хӏиттийнехь а, церан и тоьшаллаш цхьа а тайпа бух боцуш, цара шайггара кхоьллина хилар гучуделира сан хеттаршна цара жоьпаш луш. Йуха а боху ас: Гасаоджевс догцӏена мукӏарло дина шегара дийлинчу зуламашна. Лерамечу прокуроро лерамечу суьде дехар дира ас верасалла тӏелаьцначу Гасаоджев Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар. Лерамечу суьде тидаме эцар доьху ас, цкъа-делахь, Саламбек шен лаамехь ӏедална тӏевеана хилар. Шолгӏа-делахь, шен бехкашна иза цӏенчу даггара дохковаьлла, къера хилар. Кхозлагӏа-делахь, иза шен лаамехь тӏевеана, областан начальнико инарла Михеевс шена тоьпаш тоьхна вен дош делча. Саламбека шена къинхетам ца боьху. Ша ирхъоьллина цавер доьху. Хӏунда аьлча тхан къоман гӏиллакхехь ирхъоьллина валар доккха эхь ду, ткъа бусалба динехь доккха къа ду. Господина прокуроро дагардира ас верасалла лаьцначу Гасаоджев Саламбека дина а, ца дина а зуламаш. Амма цо цхьа дош а ца элира иза обарган, зуламан новкъа хӏунда,