синош дӏадала реза хилла ши кӏант ваьлла нохчийн, гӏалгӏайн къоман исторехь.
Симсарара Олдаман ӏаьлбаг-Хьаьжа а, Сагӏопшера Гасаоджан Саламбек а.
1877-чу шеран 13-чу апрелехь болабеллачу нохчийн гӏаттаман коьрте хӏуттуш, ткъе пхи шо дара ӏаьлбаг-Хьаьжин. Бархӏ баттахь лаьттина и гӏаттам паччахьан эскарша ирчачу къизаллица хьаьшна, цӏела карчийча, ша схьало бохуш, ӏедало халкъ хьийзо долийча, ша бахьана долуш цхьана зудчун а, цхьана беран а бӏаьрхин тӏадам ца балийта, шен лаамехь ӏедална тӏевахара къона ӏаьлбаг-Хьаьжа.
Куьйгех-когех гӏоьмаш тоьхна, ворданахь тангӏалкхашна кӏел валийна, ша ворданара чувоссо улло гӏоьртинчу эпсаран бетах мийра тоьхна, цергаш йаьхнера цо. Тӏаккха ша ворданара чу а воьссина, ша гӏанта тӏе хьала а ваьлла, ша-шен коча муш а тесна, шена кӏелхьара гӏант, ког тоьхна харцийна, ирхъоллавеллера иза. Халкъан дуьхьа. Даймехкан дуьхьа.
Суьдо шена йина кхел оцу буса кхочушйийриг хиларх дог кхиънера Саламбекан. Пхьуьйра-ламаз а дина, надзирателе хи дехна, шен дегӏ цӏан а дина, ламаз эцар карла а даьккхина, ша дӏавигаре ладоьгӏуш, бекъачу маьнги тӏе аркъал охьавижира иза. Шена кханалера де, малх гур боцийла хуъушехь, ӏаламат сапаргӏат вара Саламбек. Чӏогӏа Делах тешаш, Делах кхоьруш а волу иза тешна вара ша дуьненахь бина некъ а, тховса шен хинйолу ӏожалла а ницкъ болчу Делера хиларх. Суьдхо, къаной, прокурор Делан лаамца лелла хиларх. Делан лаамца йина цунна хӏара кхел. Далла ца лиънехь, йийр йацара. Дала кхоьллина цуьнан са, Дала дӏа а оьцур ду иза.
Шен син ойла ца йо Саламбека. Олуш ма-хиллара, цкъа вина иза, цкъа лийр а ву. Амма мел ца йан гӏоьртича а, доьзалан ойла ца йеш ӏелац. Бераш кегий ду. Ши йоӏ а, ши кӏант а. Йоккхачу йоьӏан пхийтта, воккхачу кӏентан шийтта шераш ду. Важа шиъ цаьршиннал жима ду. Кертахь йетт, говр, масех уьстагӏ бу церан. Ши урд кха а ду тӏехь хьийкъина йалта хуьлуш. Амма Хадижатна хала хир ду-кх керт-ковн, доьзалан дукъ ийзо. Диъ-пхи шо даьлча, йоӏ маре йахийта а, кӏантана зуда йало а деза. Саламбекан йерриг а дегайовхо Суламбекана а, Хадижатан вежаршна а тӏехь йу. Цара буьтур бац уьш мацбала а, шелбала а. Тӏаккха ӏалихан воккха хир ву, цо цӏийнан