Пурхе йаьллачу цунна кетӏахь масех стаг гира. Царна тӏехь ламанхойн духар делахь а, шатайпачу куйнех а, коча тийсинчу таррех а, маж-мекхех а уьш гӏалагӏазкхий хилар хиира цунна. Шена уьш ца гинчуха, шек йоцчуха, меллаша йуха а йаьлла, цӏа чу йахара иза.
– Гӏалагӏазкхий бу кетӏахь лаьтташ! – йагийча санна, мохь белира цуьнан.
Аюб аравала гӏоьртича, цуьнан дегӏах хьаьрчира зуда.
– Цара вуьйр ву хьо! Сан докъа тӏехула бен аравер вац хьо!
Аюба шех хьаьрчинчуьра дӏайаьккхира иза.
– Дӏайала! Хьо хьерайаьлла? Каравахча, ирхъуллур ву цара, Саламбек санна. Дуьхьало йича, вай дерриг а дойур ду, берашца цхьаьна. Кӏелхьарвала хьожур ву со!
Бӏаьрнегӏар тухучу йукъана цо ойла йира хӏоьттинчу хьолан. Цӏийнан тӏехьарчу пенан кор дац. Тхов тӏе хьалавала меттиг а бац. Цӏенна го бина хир бу. Цхьа некъ бу цунна. Неӏарехула ара а иккхина, мостагӏашна йуккъехула чекхваьлла, вадар. Аюба иза къастийра. Далла тӏе болх а биллина, цӏеххьана неӏ а йиллина, топ хьала а лаьцна, араиккхира иза. Кертахь лаьтташ Кибиров а, ши гӏалагӏазкхи а вара.
– Саца! Тӏетуху хьуна! – мохь туьйхира Кибировс.
Аюб ца сецира. Иза пурхин дохалла дӏахьаьдча, араиккхира да. Цунна кхетарна кхерабелла севццехь а, уьш тоьпаш ца тухуш севцначу йукъах пайда а эцна, ведда, хьаьжкӏийн дайна тӏехьа иккхира Аюб. Тӏаккха бешарчу дитташ тӏехьа а лечкъаш, ведда, керта тӏехула лулахойн беша иккхира иза. Цигахь гӏалагӏазкхий лаьттара, хӏокхунна тӏе тоьпаш а лаьцна. Хӏара ма ве, дийна схьалаца аьлла, омра хиллера а хаац цаьрга, амма тӏе ца тухуш, маьхьарий хьоькхура цара. Аюб шолгӏачу беша иккхича, гобаьккхина тӏе герз детта долийра цунна. Аюба топ йеттара массо а агӏор. Кхоалгӏачу беша эккха кхиале пхьаьрсах, настарх, белшах дӏаьндаргаш кхийтира, амма Дала ницкъ белла, хьалха дӏауьдура Аюб. Чевнаш хилла меттигаш, йогуш, лозура, дегӏаца охьа цӏий оьхура. Шен берриг а ницкъ тӏегулбина, пхоьалгӏачу кертах иза дехьаваьлча, цунна хьалха нисвелира месала йуьхь йаьлла ши гӏалагӏазкхи. Аюбан некха тӏе а лаьцна, цхьатерра тоьпаш туьйхира цаьршиммо.
Аюбан бӏаьргаш чу бода хӏоьттира, латта сетташ, хьийзаш санна, хетаделира. Дуьхьал хӏуьттура шех хьерчаш зуда а, кхеравелла пурхе