Зеламха. Тӏаккха эрна хир дара хӏокху деношкахь цара хьегна къа а, цӏий ӏанор а.
Зеламхина накъост ца оьшура инженерийн коврана новкъахь дуьхьалвала. Амма Пешхо шена уллора дӏавала а ца лаьара. Хьанна хаьа, тӏаккха цо хӏун дер. Кхин накъост а воцуш, цуьнца шецца мостагӏашна дуьхьал ваха а кхераме дара.
– Бетарсолта, Пешхо, шуьшиъ соьца дӏавола! – омра дира цо.
Ботлихана а, Веданна а йуккъерчу некъан белхалойн буткина уллохь севцира инженераш. Бутка аьлча-м, кхоччуш сурт ца хӏуттура цуьнан. Иза доккха цӏа дара, уче а, сени а йолуш. Чохь пеш, стол, гӏанташ а дара. Балхара мукъабевлча, белхалошна садаӏа аннех бина боккха, шуьйра маьнга а бара. Хьеший богӏу аьлла цӏанбинехь а, йа даим иштта хиллехь а, цӏена бара буткин го.
Инженераш кхуза кхаьчча, аравелира некъийн подрядчик Илев.
– Марша догӏийла шу, хьомсара хьеший! Чудуьйла! Кхихкина, йовхха самовар йу. Керла бепиг, печенеш йу. Цхьацца чарка къаьркъа а карор ду. Ас хьошалла лелор ду шуна.
– Баркалла хьуна, – массарна тӏера дош элира комиссин куьйгалхочо инженера Орловскийс. – Тхо сихо ду. Сарале Соьлжа-Гӏала кхача деза.
Хӏорш цигаьркаш уьйзуш, вовшашца къамеле бевлча, вахмистр Магомаевна тӏевахара Илев.
– Хезий хьуна, кунак? Кхидӏа кхераме бу некъ. Стомара дуьйна ца девза адамаш гучудевлла кхузахь. Зеламхин гӏера йу бохуш а, дуьйцу. Дозораш бахийта некъ талла хьалха.
Вахмистра, шайн маттахь шина суьйличуьнга масех дош а аьлла, салтийн говрашкахь хьалха дӏахьажийра и шиъ.
– Стенга воьду и шиъ? – хаьттира Долидзес вахмистре.
– Некъ кхерамаза буй хьажа.
– Вухаверзаве и шиъ! – човхийра иза ротмистра. – Зеламхин гӏера некъа йистехь лаьтташ хир йу-м, ца моьтту хьуна, ӏовдал!
Хьекъална аьрто, къиза, мекара велахь а, кӏиллочарех вацара Долидзе. Цунна дика хаьара Ведана кхачале шаьш кӏелонна тӏенислур дуйла. Хаьара, нагахь санна Зеламхица тасадалар хилахь, йа уьш, йа шаьш хӏаллакьхилла, толам цхьана агӏонгахь биса безийла а. Ӏожаллех ца кхоьруш дац Дала кхоьллина цхьа а са. Долидзе а кхоьрура ӏожаллех. Цунна вала ца лаьара. Иза хӏинца а къона ма ву. Амма ша кхоьрий ца хоуьйтура цо накъосташна.
Шина лома йуккъехь, некъо голатухучохь хӏорш