цигахь беллера, важаберш хан йаьккхина а, бевдда а, цӏа бирзинера. Макӏажошна хаьара, Зеламха шен тобанца шайн йуьрта гӏуртур вуйла. Иза чувитича, цуьнан тӏаьхье муха хир йу, хаьара. Ӏедало луьра таӏзар дийр дара йуьртана. Царна ца лаьара, шайн бехк-гуьнахь а доцуш, йуьртана бохам хуьлийла. Цундела Макӏажан йуьртдас Муслос йурт гӏаттийра, Зеламха цига гӏортахь, иза йуьрта ца вита.
Зеламха шен тобанца тӏекхаьчча, некъ лецира макӏажоша. Царна хьалха лаьтта Зеламхина вевза Мусло а, Ясаӏ а, ӏумар а, кхин масех стаг а.
– Хӏей, Мусло! Хӏун ду аш лелориг? Тхуна некъ хӏунда ца буьту аш?
– Тхан йуьрта чу вогӏур вац хьо, Зеламха!
– Хӏун ду? Тхуна бихкина-м бац хӏара некъ? Йа ӏедалх кхераделла шу, йа цунна дохкаделла шу?
– Тхо кхераделла а, дохкаделла а дац, Зеламха. Тхан дуккха а нах Сибрех бахийтина. Дуккха а цигахь белла. Тахана а цигахь хан токхуш а бу. Цхьаберш хьо бахьанехь а лецна. Хьо йуьрта витиний хиъча, ӏедало бохам бийр бу тхуна.
– Шайна дов ца дезахь, новкъара дӏадовла!
– Девр дац. Тхан декъашна тӏехула девлла бен йуьртахула чекхдевр дац шу.
Зеламхас ойла йира. Шеко йацара, Муслос и нах цунна дуьхьал карзахбаьхна хиларан. Дукхахболчаьргахь герз ду. Церан бертаза йуьрта гӏортахь, хьанна хаьа, цхьана ӏовдало герз тухий а. Тӏаккха хӏокхара дӏатоха а деза. Вер-ваккхар хир ду. Ткъа хӏокху нахах дуккха а Зеламхина бевза. Макӏажа а, Хорача а лулахь ма йу. Йуккъехь гергарлонаш а ду. Дуккха а мостагӏий бу Зеламхин. Стенна оьшу цунна керла мостагӏаллаш? Амма хӏара Мусло боху зуд таӏзарза дуьтийла а йац.
Урх йуха а узуш, говран чоьже кӏажаш таӏийна, иза тӏаьхьарчу когашна тӏе а хӏоттийна, дӏакхевдина Муслон коьртах шед туьйхира Зеламхас. Муслос, хумпӏара чуьра схьайаьккхина, Зеламхина тӏе тапча лецира, амма иза лаг оза кхиале, Бетарсолтас, ка тоьхна схьалаьцна, цуьнан пхьарс хьалаберзийра. Йаьллачу тапчанан дӏаьндарг хӏаваэ хьалайахара. Макӏажой а, шен накъостий а чуьччагӏоьртича, Зеламхас мохь туьйхира:
– Герз ма тохалаш, кӏентий!
Герз тоха лууш макӏажой а бацара. Амма буй-тӏара йеш, хьерча буьйлира. Делахь а, Зеламхин накъостий, говрийн накхошца уьш дӏаса а тоьттуш, гуттар карзахваьллачунна шед а