Ткъа кхузахь иза велча, хӏун нислур ду? Бийсолта денлур ма вац. Цул хьалха байъинарш а денлур бац. Сибрехара цуьнан доьзал цӏа а богӏур бац. Иза дийна виса ма веза. Церан массеран а чӏир йекха. Хӏаъа, белларш денлур бац. Амма кхузахь иза велча, Бецех а, Зезагах а, берех а хӏун хир ду?
Шен топ мара а къевлина, керчаш вахана, бердах чутилира иза. Берд тархаш йолуш хиларо аьтто бора, цхьанна тӏера кхоссалуш, кхозалуш, шершаш, охьаваха. Лакха тӏехь детта герзаш севцча, шех хилларг хӏун ду ца хууш, сагатделла карийра цунна накъостий. Хӏара гучуваьлча, хазахетта, маьхьарий девлира церан. Тӏаккха лакха тӏера чухьаьвсинчарна шаьш ца гайта, бердашна тӏе а теӏаш, оцу меттигана генабевлира уьш.
Дошлой, говраш тӏера чу а биссина, бердах чу охьахьуьйсура. Амма Зеламха а, цуьнан накъостий а гуш бацара. Уьш лецалург хиларх дог а диллина, цхьаболчара церан говраш схьалийцира, кхечара герзаш схьалахьийра. Долидзен командера схьайаьккхина вуьрхӏитта топ кхузахь йитинера обаргаша, шайнаш шайца дӏайаьхьнера. Масех чов хилла, йелла ӏуьллура Нохчийчохь гӏарайаьлла Зеламхин хьаргӏа басахь ӏаьржа говр. Цунна тӏера схьаэцна таьлсаш Донагуловга дӏаделира цхьана суьйличо. Уьш схьадаьстича, чохь чухуладуху цӏена коч-хеча, пазаташ, мерах хьокху йовлакх, турмал, электрически фонарик, жима лом, цо йаздечу кехаташна тӏетуху мухӏар, Шемалан а, Хьаьжа-Мурдан а суьрташ карийра Донагуловна…
ТЕРКАН ОБЛАСТАН НАЧАЛЬНИКЕ,
ТЕРКАН ГӏалагӏазкхИЙН ЭСКАРАН
НАКАЗНОЙ АТАМАНЕ
1911 шо, 4 март
№ 3520
Соьлжа-Гӏала
Хьан локхалле хоуьйту, Зеламхин гӏерано массо хенахь йинчу йерриг талорийн жигара дакъалацархо хилла Тамаев Аюб, шен накъост обарг Хасуев Абубакар Йоккхачу Атагӏахь дӏадаханчу шеран 1-чу декабрехь вийначул тӏаьхьа, лечкъина, къайлаваьллера. Бусалбанийн гӏурбанан денош даздеш, Аюб шен цӏахь Атагӏахь хир ву аьлла, агентуро бинчу хаамца вийна иза.
Цундела хьан локхалле дехар до Йоккхачу Атагӏан бахархошна цхьа а тайпа административно таӏзар цадар, хӏунда аьлча обаргаш Хасуев Абубакар, Тамаев Аюб къайлабевлла меттигаш оцу йуьртарчу цхьаболчу наха ӏедале къайлах йийцина, оцу нехан къайлахчу гӏоьнца вийна и ши