со муха хӏотта веза?
Дешис дийцарх, дехарх, йелхарх, шен сацамна тӏера йуха ца велира Соип. Гӏаддайна, шена гӏоьнна Овхьад кхайкхира Дешис. Дешис динна къамел дира цуьнга Овхьада а. Амма Соип шен сацамна тӏера йуха ца волура.
– Дика ду, Соип, – тӏаьххьара дерзийра Овхьада шен къамел. – Охашиммо дийцинчух ца кхета хьо йа кхета ца лаьа. Амма ас кхин цхьаъ олу хьоьга. Зеламха нохчийн халкъан майра, оьзда, тешаме, доьналле кӏант а, къонах а ву. И хьан санна сонта ойла йолуш обарг ваьлла иза. Шен вешин йезар йигначарех бекхам оьцуш, царах стаг вийна мостагӏалла тӏедоьжна цунна. Тӏаккха вукхара церан стаг а вийна. Тӏаккха ӏедал церан девнна йукъагӏоьртина. Зеламхагӏар лецна. Тӏаккха набахтера вада а ведда, шайн мостагӏех а, халкъ ӏазапехь латточу ӏедалх а бекхам эца араваьлла. Цул тӏаьхьа дено-дено мостагӏий алсамбуьйлура цуьнан, Зеламхин шен а, цуьнан накъостийн а. Цхьана агӏор – чӏирхой, вукху агӏор – ӏедал. Хьалха цуьнца хиллачу тешамечу, майрачу, доьналлечу накъостех масех стаг бен дийна ца висина. Чӏирхоша а, ӏедало а байъина. Иза а вуьйр ву. Цхьана итт, бӏе эзар стаге дохалур ма дац хӏара ӏедал. Шайн коьртехь хьекъале нах а болуш, маситта эзар гӏеттича а, боха ца белла. Тоьпаш йетташ, ирхъухкуш, Сибрех хьийсош а, хӏаллакбина. Ӏедалан карахь ницкъ бу. Законаш, эскарш, полици, жандармери, суд, чиновникаш. Набахтеш, каторгаш, лагерш. Хьолахой, лакхара динадай а ӏедалехьа бу. Цундела эрна ма бу ӏедална дуьхьал обаргийн къийсам. Эрна хилла а ца ӏаш, вайн халкъана зуламе бу. Обаргаша некъахой, хьолахой, гӏалагӏазкхий талабо, ткъа цара талийнарг мискачу халкъе меттахӏоттадойту ӏедало. Уьттазза, бӏозза алсам. Обаргаша хьаькамаш бойу, ткъа ӏедало бехк-гуьнахь доцу миска адамаш Сибрех хьийсадо. Хьо дӏакхетар ву Зеламхех. Ӏедало вийначу хьайн шина доттагӏчун чӏир йекха. Ткъа ӏедало кхана-лама, бутт баьлча, шо даьлча, мацца а цкъа хьо а, Зеламха а вуьйр ву. Хьо вийча пайда, гӏо хир дуй ткъа Аюбан, Абубакаран, хьан доьзалшна, нохчийн халкъана?
Мел дийцарх а, Овхьаде берта ца валавелира Соип. Ши бутт хьалха цӏера аравелира иза. Дешин бертаза. Дӏавоьдуш, герз дацара цуьнгахь. Цхьа кӏира даьлча,