кӏелхьарваьллера иза. Накъостех хилларг цахааро сагатдора. Нагахь санна уьш буьйса йаккха севцца хӏусамаш айкхо йийцинехь, берриг кӏелхьарбевлла хир ма бац. Йа цхьана Зеламхина тӏаьхьатоллуш лелла-те иза? Иштта делахь-м, накъосташна кхерам хилла хир бац.
Урамашкахула а ца воьдуш, нехан бошмашкахула, ларлуш вахана, Делан къинхетамца, кхин цхьана а кӏелонна тӏе ца нислуш, йуьртах аравелира Зеламха. Йуьртал арахьа, йуьстах лаьттачу цӏенна тӏе а вахана, хӏусамдега говр йийхира цо.
Чехкара-гӏопана уллохула, Атагӏахула дӏа, герга бара цара цхьаьнакхета йиллинчу меттиге некъ. Чехкарахь салтийн гарнизон йара. Цундела Атагӏана малхбале агӏорхьа дӏа а вирзина, кхаш тӏехула дӏаволавелира Зеламха. Догӏанаша тӏадийна латта кӏадделлачу кхаш тӏехула хала дара говрана. Урх дӏа а хецна, говр паргӏат йаха шен лаамехь а йитина, ойланашка велира иза. Шен ницкъ ма-кхоччу къайлах вовшахтоьхнера цо хӏара операци. Хӏора накъост цхьацца схьалоцуш, цуьнан дерриг дахар теллича, массо тешаме каравора цунна. Вежарша Юнуса а, Юсупа а мотт ца баьхьна аьлла, Къуръан тӏехь дуй баа ваьхьара вара иза. Амма муха хиъна полковникна хӏокхо вовшахтоьхна гӏуллакх, хӏара буьйса йаккха ӏодагӏаьргахь сацар а? Накъостех цхьаммо шен вешига, доттагӏчуьнга дийцина те? Ткъа цара шаьш тешачаьрга дийцина-те? Йа Зеламха Соьлже, ӏодагӏеран керта вогӏуш гина-те? Мел ойла йарх а, оцу хеттаршна жоьпаш ца карадора цунна.
Шаьш цхьаьнакхета билгалйинчу меттиге кхаьчча, цигахь берриг накъостий карийча, цхьана агӏор, сапаргӏатделира цуьнан. Амма, вукху агӏор, дагахьбаллам а бисира. Ша оццул лерина кечйина операци кхиамза йисина. Цо чӏогӏа чӏагӏо ма йинера ӏедало талийнчу нахана хилла зен-зулам меттахӏотто. Хӏинца мичара доккхур ду цо оццул дукха ахча?..
Соьлжа-юьртах оьрсаша Старая Сунжа олу. Соьлжа-Гӏалина пхи-йалх чаккхарма уллохь йолу иза нохчийн йаккхийчу йартех а йацара. Оцу йуьртахь бехаш ши эзар гергга бахархой бара. Инарла Ермоловс Грозный-гӏап хӏоттош, цигара дӏайаьхначу йартех бисинчу бахархоша йиллина керла йурт йара иза.
14–15-чу октябран буса цигахь хиллачо дарвинчу Михеевс цкъа хьалха чӏогӏа