Мацца карийна а. Тӏаккха цуьнан хьакъ дӏа а лур ду цара.
Далла дуьхьал а ма хетийла иза, вежаршна ӏодаевгӏарна таӏзар а дина, кхиберш таӏзарза бита инарлин сацам хезча, сапаргӏат делира соьлжахойн. Цара Зеламха тӏеэцар ӏедална хууш ма ду. Муха ца хаьа, салташна а гуш, церан хӏусамера ара а ваьлла, иза вахана хилча. Цундела и ши цӏа кӏелхьардаккха ницкъ бац цаьргахь. Ши цӏа а дагийна, ши доьзал махках а баьккхина, итт доьзал кӏелхьарбалар а Делан къинхетам бу. Ӏодагӏеран доьзалш, Сибрех бахийтахь а, шайна тоьхна хан а йаьккхина, Делан къинхетамца цӏа боьрзур бу. Йуьртахоша гӏо дийр ду царна цӏенош а, гӏишлош а, даьхни а меттахӏитто. Тӏе, шаьш таӏзарх кӏелхьарбевр боцийла хуучу вежарша шайн кертара даьхни а, хӏусамашкара мелла а мехала сал-пал а селхана буса кӏелхьарйаьхна.
Инарла дӏавахара шен замошца, омра кхочушдар Морганияна тӏе а диллина.
Цхьа сахьт даьлча, хӏаваъ къардеш, татанаш девлира ӏодагӏеран шина кертахь. Цкъа пироксилинца лелхийтира церан цӏенош а, керташкара гӏишлош а. Тӏаккха, ирахь йисинарш, тӏе мехкадаьтта а детташ, йагош, чим бира…