Веданара дӏа телеграфаца хаам бира цо, Зеламха гонна йуккъехь ву, амма шена йоккха топ а, лелха хӏоьънаш а, лаххара а рота салтий а, гӏалагӏазкхийн сотни а оьшу аьлла.
Каралов дӏа а кхачале, и хабар даьржинера гӏалахь. Цигара дӏа телеграфаца Буру-гӏала а, массо газеташка а хаам бинера, цхьанна а мичахь ву а ца хууш, цхьа бутт хьалха къайлаваьлла разбойник Зеламха, ша винчу йуьртана Хорачана кхо чаккхарма уллохь, ломан цхьана хьехахь карийна, пластунийн, гӏалагӏазкхийн отрядаша иза гонна йуккъе а воьллина, кара ца вагӏахь, кӏелхьарвала цунна цхьа а тайпа некъ бац бохуш. Ткъа Каралов ша Соьлжа-Гӏалахь даьккхинчу сохьтехь турпалхо хилла лелара.
– Зеламха сан кисанахь ву! – галифен кисан тӏе куьг деттара цо. – Тахана сарале ас схьавалор ву и разбойник. Куьйгех, когех буржалш тоьхна, дийна йа вийна, цӏеша а вуьзна!
Соьлжа-Гӏалара дӏа Михеевга телеграмма йелира цо, Хорачахь хӏоьттина хьал дуьйцуш.
Соьлжа-Гӏалахь салтийн рота ца хилира Караловна. Гӏизлар-Гребенски гӏалагӏазкхийн полкан цхьа сотня а, йоккха топ а йелира цунна. Цаьрца делкъал тӏаьхьа Хорача кхечира иза. Цуьнца ши фотограф веара, йийсаре лаьцначу йа вийначу Зеламхин суьрташ даха.
Караловна дийна оьшура Зеламха. Цхьайтта шарахь Кавказана кхерам хилла, цхьайтта шарахь дуккха а эскаршка ца лацавелла, Россехь а, дозанал арахьа а гӏараваьлла разбойник, когех-куьйгех буржалш а тоьхна, Соьлжа-Гӏала а, Буру-гӏала а вигна, бахархошна гайта. Цунна уллохь ша а гайта. Ша турпалхо. Столични газеташа шех лаьцна йаздар. Историна йукъаваха. Цундела хьеха тӏе йоккха топ йетта йолайале, Зеламхина тӏе ши стаг вахийтира Караловс. Хорачан йуьртда а, Асламха а. И шиъ хьехахь дукха ца ӏийра. Цаьршиннан кхоьлинчу йаххьашка хьаьжча а, хиира Караловна дийцарш кхиамза чекхдевллий.
– Хӏун хили шун гӏуллакхах?
Йуьртдас корта ластийра.
– Иза реза вац шуна тӏеван…
– Хӏун боху цо? – собар кхачийра Караловн.
– Сихха Ведана а гӏой, областан начальнике телеграмма ло, боху хьоьга, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина а, набахтехь бахко а нах марша а баьхна, цӏа берзо цо дош лахь, тӏаккха хир ду хьоьца къамел, боху цо. Нагахь санна тховсалера буьйса йуккъе йахале ахь жоп ца лахь, паччахьан дерриг эскарш схьа а далийна, ахь лаьттахула, стигалхула го бахь а, ша хьехара дӏагӏур ву, боху цо.