Хьехан цхьана маьӏӏехь тӏекӏел доьттинчу дечиган генех нийсаниг къастийна, ши аьрша хадийна хьокха а, самовар а шен вертанна йукъа а йоьхкина, верта тӏе а хьарчийна, бахтаршца къовлуш, цунах мунда йира цо. Коьртах цӏестан йай боьллина, гонаха башлакх хьарчийра. Мунданна тӏехула наштаран кад а, чайник а йихкина, хьехан берте а вахана, мунда бердах охьакхоьссира цо. Буьйсанан тийналлехь масех тайпа татанаш деш, ломах чукерчира мунда. И татанаш хезча, тогӏи чохь а, шина а ломахь а маьхьарий хьоькхуш, герзаш детташ, хьовр-зӏовр хӏоттийра салташа.
Хьехара хьала лома тӏевалалуш цхьа меттиг бара Зеламхина хууш. Шен са Делан кара а делла, бердах когаш гӏертош, тӏулгаш лоьцуш, цигахула хьалагӏоьртира иза. Лома йуккъе кхочуш иза кхозавеллачу ирачу тӏулго куьг хадийра цуьнан. Кӏадделлачу пхьаьрсашка а, настаршка а садаӏийта, лома йуккъе ваьлча, сецира Зеламха. Цхьа Делан къинхетамца, когаш гӏорто а, куьйгашца схьалаца тӏулг а болуш меттиг нисйеллера цигахь. Тӏулго хадийна куьг мерах хьокхучу йовлакхца къевллина дӏа а дихкина, цӏий сацийра цо. Кхидӏа хьала берд легӏана бара. Лакха тӏехь салтий буйла хууш, тӏулгаш карчийна гӏовгӏа йаккхарна кхоьруш, чӏогӏа ларлуш, лома хьалавелира иза.
Ломан дукъа тӏехь а дохк дара, пхи-йалх гӏулч генара хӏума а ца гуш. Болх Далла тӏе а биллина, йуьйлина топ хьалха а лаьцна, дахкарлахула дӏаволавелча, иттех гӏулч гена валале шина салтичунна тӏеӏоттавелира иза. Тоьпаш торхаца хьала а хӏиттийна, торхах баккъаш тоьхна, голаш тӏе лахвелла, набаран тар туьйсуш хиъна ӏара и шиъ. Цкъа ойла хилира Зеламхин, топ тоьхна, и шиъ вен. Тӏаккха кхуза орца хьодур дара. Цаьршинна тӏе топ а лаьцна, ондда гӏулч йоккхуш тӏевахара Зеламха. Ши салти, ӏадийна, къаьрззина цуьнга а хьоьжуш, куьйгаш хьала а лаьцна, лай тӏе охьахиира. И шиъ кхераме воцийла хиъна, цаьршиннан тоьпаш схьа а эцна, чаппагӏаш схьа а йаьхна, цхьацца агӏор бердах чукхийсира цо. Тӏаккха, гӏовгӏа ма йаккха аьлла, куьйган ишарца кхерам а тесна, дахкарлахула къайлавелира Зеламха…