Зеламхин бӏаьргаш чуьра гӏайгӏайне мархаш, оьгӏазлонан цӏе тӏепаза йайра. Хӏинца царна чохь йовхо йогура. Сатийсамо, цхьана йукъана деллачу ирсо къагийнера цуьнан йуьхь.
– И ахь дуьйцург суна дуьххьара мичахь хезна, хаьий хьуна? Сибрехь волуш, цхьана оьрсичуьнгара. Тӏаккха Шуьйта-гӏопехь шина салтичо а дийцира изза. Цхьаъ лор вара. Махсум. Инзаре дика ши стаг вара и ши салти. Къайлах тӏеоьхуш, сан шина накъостан чевнаш йерзийра Махсума. Оццул ас дехарш дарах, мах а ца баьккхира.
– Хӏинца вуй и шиъ Шуьйтахь?
– Аликсе, лаьцна, Сибрех вахийтира. Махсум вайн махкара дӏаваьккхира.
– Хӏета, хьуна-м мелла а хууш хилла Россехь хӏоьттина хьал. Хетарехь, Россехь керла дарц дала герга ду. Паччахьна а, цуьнан ӏедална а дуьхьал герзаца гӏовттур ду халкъаш. Церан могӏарехь хила деза вай. Мацахлера вайга керстанашна дуьхьал гӏазоте кхойкху зама йац хӏара. Хӏинца кхета доьлла бусалба а, керста а къаьмнаш. Царна хиъна шайн мостагӏ мила ву а, доттагӏ мила ву а. Оьрсашна, гуьржашна, кхечу керста къаьмнашна дуьхьал ойур дац вай вешан герз. Ткъа цаьрца цхьаьна, церан а, вешан а йукъарчу мостагӏчунна – паччахьна, цуьнан ӏедална – дуьхьал ойур ду. Церан а, вешан а маршонан дуьхьа. Оцу муьрехь шен халкъана нийса некъ гайта даккхий хьекъалш долуш, майра, оьзда, доьналле къонахий хила беза, Зеламха. Шен халкъан кхолламан бала болуш, цунах дог лозуш, халкъ а тешаш, халкъо сий а деш болу нах. Хьан сий ду, Нохчийчохь-м хьовха, Дегӏастанахь, Гуьржийчохь, Хӏирийчохь. Хьо а, хьо санна болу къонахий а кестта оьшур бу вайн халкъана.
Меданас доггаха хьалха биллина кхача а биъна, шаьш паргӏатдевлча, хьеше гӏуллакх-болх хаьттира ӏелас.
– Делахьа, ӏела, хьо ган лаар бен, кхин гӏуллакх долуш а ца веана со-м. Наха хьо вуьйцу хезча, ган сатесира ас. Дуьне девзина, халонаш лайна, баланаш ӏийшина, замано хьекъал делла стаг ву, олу хьуна наха. Хьоьгара хьехар а оьшура суна. Хьо ган а лаьара. Мел дийцича а, Шемалан бӏаьхойх нах кӏезиг бисина хӏинца. Ахь бехк ма билла, ӏела, кхечу гӏайгӏа-баланашна хӏокху тӏаьхьарчу хенахь доьзалан бала а тӏекхетта суна. Доьзалан ойла йечуьра-м цкъа а ца ваьллера со хӏокху цхьайтта шарахь.