Хьуна ма-хаъара, Болат ӏаламат собаре стаг вара. Соип дега ца хьаьжнера, цӏий сиха вара. Буьйса тӏекхаччалц йуьрта йистерчу эрзалахь лечкъина а ӏийна, адамаш набарна дӏатийча, гӏалагӏазкхичун керта а вахана, йуха а шен йал схьайехнера цо. И гӏалагӏазкхи Соипаца галваларан цхьа бахьана хиллера. Хьалхарчу буса цуьнан рагӏу кӏелхьара говраш йигна хилла нохчаша. Оцу къоланна Соип бехке веш хилла цо. И къуй ахь тӏехьехна, хьо церан декъашхо ву, бинчу балхана йал-м муххале а лур йацара хьуна, ша ӏедале дӏа а велла, Сибрех вохуьйтур ву хьо, бохуш. Иза шена нанна хьежош, йаппарш йан воьлча, шаьлта тоьхна иза охьа а виллина, ведда, цӏа веанера Соип. Гӏалагӏазкхичунна Соипан цӏе а, ден цӏе а, Гати-Юьртара вуйла а хууш хилла. Ткъа и къена гӏалгӏазкхи, ӏедало лоруш, воккха эпсар хилла, боху. Цо сихха цигарчу ӏедале дӏахаийтина, ша йолах лаьцна нохчо, къуй а балийна, шен говраш а йигийтина, шаьлта тоьхна, ша охьа а виллина, дӏадиллинчуьра шайн бӏе туьма ахча а лачкъийна, ведда аьлла. Цигарчу ӏедало Ведана хаам бинера, тӏаккха Веданарчу пурстопо, тражникаш балош Гати-Юьрта а веана, дӏавигира Соип. И нохчийн къуй а, талорхой а бахьана долуш, бехк-гуьнахь а доцу, хьанала къахьоьгуш волу, цхьана волу цхьа кӏант хӏаллакьхили-кх сан. Ткъа Соипа гӏалагӏазкхичун ахча лачкъийна бохург а бакъ дац. Ишттаниг ца дан, тхойшиъ ший а мацалла долуьйтур дара цо. Кисанахь шай а доцуш, цӏа веанера иза. Тахана Соьлжа-Гӏала дӏавиги… Наха тайп-тайпана хабарш дуьйцу. Оцу чевнах и гӏалагӏазкхи велла а, боху, ца леш, сакхт хилла висина а, боху. Иза веллехь, Соипана вен суд йийр йу, дийна висинехь, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вохуьйтур ву а, боху. Гӏалагӏазкхи дийна висинехь, цхьа дико аблакат хилча, суьде хан ца тухуьйтуш, цо кӏелхьарвоккхур вара бохуш а, дуьйцу. Суна аблакат а карор ма вац, карийча, цунна дала ахча а ма дац сан. Хӏокху ткъе ворхӏ шарахь айса лайначу баланашка ладоьгӏча, хьер ца йолуш йа дог иккхина ца леш, со дӏалелаш хиларх цецйуьйлу… Хӏинццалц Соипана тӏейуьтура со. Тахана тӏе а ца йити, ас баьхьна кхача дӏа а ца балийти. Азвелла, гӏелвелла, корта а, маж а даьлла, ца вевзачу ваьллера…
– Ас мел маслаӏаташ дарх, ненан дог