Дийнахь хӏорш болчу вогӏура Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а. Хӏокхарна хӏун оьшу а хьожий, дечиг а доккхий, кхин кега-мерса гӏуллакхаш а дой, дӏавоьдура. Ткъа буьйсанна шайн гӏайгӏанашца шаьш буьсура хӏорш. Кхузахь шо даьккхинехь а, бахархой шайца мел дика белахь а, цхьаьнггера а шайна кхерам бацахь а, буса, гӏуй буллий, неӏ дӏакъовлура цара.
Цхьана буса хӏорш бийшина ӏохкуш, цхьаммо меллаша неӏ туьйхира. Беци, Зезаг, ши йоӏ сема йара, амма уьш ца баьхьара гӏуй дӏабаккха. Мосазза а неӏ тоьхча, гӏеттина, неӏаре йахара Энист:
– Мила ву неӏ йеттарг?
– Со йу… – халла къаьсташ, шабарца вистхилира неӏ йеттарг.
Цуьнан аз тамашийна дара, иза зуда йу, боьрша стаг ву ца къасталуш. Хӏетте а и аз зудчун озах тера хийтира Энистана.
– Оха буса неӏ ца йоьллу! – аз айдира Эниста.
– Бадик! Аниска!
– Хьо мила йу?
– Валя йу со… Сихха неӏ дӏайеллахьа, Аниска…
Шеко йацара, и аз Валентинин хиларан. Эниста, гӏуй дӏа а баьккхина, неӏ йиллира. Амма сихха иза дохкойелира ша динчунна. Цунна хьалха лаьттара коьртахь лергаш долу боккха куй болуш, хьаьрса маж йолуш, боьрша стаг. Энистан мохь белира. Иза кхерайеллий хиъча, цхьана куьйга коьртара куй, вукху куьйга маж дӏайаьккхира Валентинас.
– Сан хьоменаш! Аниска! Бадик! Беци! Зезаг! – массеран цӏерш йохура цо, царна мара а йетталуш, барташ дохуш.
Цхьа хан йалийтира цара иштта, къамеле ца бовлуш. Царах шен дог а ӏабийна, ша сени чохь дитина гали чудеара Валентинас.
– Ши куьг ластийна цайархьама, сайн аьттоне хьаьжжина, цхьацца кега-мерса совгӏаташ деана ас. Дас-нанас баттахь цкъа доуьйтучу ахчанах хене йолуш ма йу со а, – гали схьа а даьстина, совгӏаташ маьнги тӏе охьадахка йуьйлира иза. – Хӏара пальто Бецина а, Зезагана а йу. Роггӏана лелор ашшиммо. Валенкаш а, шляпкаш а Бадикна, Анискина йеана ас. Мохьмадна, Лом-ӏелина куйнаш, валенкаш йу. И шиъ ӏай даим арахь, шелонехь ма хуьлу. Салазаш хоьхкуш, кхечу ловзарех ловзуш. Ӏумар-ӏелина, Ахмедикна кемпеташ, пряникаш. Чай а, шекар а – массарна а йукъара.
Бецига пальто тӏейухийтира Валентинас. Ткъа шина йоӏана коьрта шляпаш техкира.
– Ма хаза товш а йу! – маракъуьйлура цо ши йоӏ. – Тфу! Бӏаьрг ма хила шуна, мел хаза йу шуьшиъ!