Дукхахьолахь вон гӏенаш гора. Шайн белларш, салтий, йохийна а, йагийна а хӏусамаш, эрчадаьхна декъий, кхин а, кхин а. Тӏаккха дегӏе хьацар детташ, узарш деш, маьхьарца самабовлура. Иштта гӏан гича, кхин тӏе а алсамболура цаьргара бала.
Стигалахь гулйелла догӏанан мархаш йа дуькъа дохк даржош, гучуболучу малхах тера хӏокхарна хилла Валентина дӏайахча, кхин тӏе а базбелира царна и бала. Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а вогӏура дийнахь. Хӏокхарна хӏун оьшу а хьовсий, цхьацца кега-мерса гӏуллакхаш а дой, дӏавоьдура и шиъ. Наггахь лулара зударий а, хӏокхаьрца буьйса а йацйой, дӏабоьлхура. Ткъа хӏорш шайн гӏайгӏанашца цхьаьна буьсура.
Шолгӏачу ӏай хӏокхарна йуьйцу а ца хезначу цамгарх, шина кӏирнах а ӏиллина, дӏакхелхира Ахьмад. Оцу шина кӏирнах цкъа а кийра рицкъа ца дахара цуьнан, даим дӏа хаддаза хи муьйлуш, дено-дено гӏеллуш. Тӏаккха оццу цамгарх, иштта бала а хьоьгуш, кхелхира Лом-ӏела а.
Цӏахь, даймахкахь, иштта киртиг нанна тӏехӏоьттича, ӏожалло хьийзочу, са дӏадала гӏертачу доьзалхочунна уллохь ца йуьту иза, йитахь а, ша цхьаъ ца йуьту. Нанна уллохь цуьнан да-нана, йиша-ваша, гергарнаш хуьлу. Цара мелла а байбо ненан кийрара бала. Ткъа Бецина а, Зезагна а орцахвала цхьа а вацара хӏокху пана махкахь. Цара шаьш дӏанисвира ши кӏант синош дӏалуш, шаьш тӏекъевлира бӏаьрнегӏарш, чӏенгаш, куьйгаш дӏанисдира. Цара шаьш лийчийра шина кӏентан декъий, шаьш кечдина марчо хьарчийра.
И шиъ-м Дала веллера цаьршинна. Дуьненахь ваха царна ша билгалйина хан чекхйаьлча, дӏа а вигнера. И шиъ реза йара Дала динчунна. Ахьмад велча, Беци а, Зезаг и бӏарзйинарг, царна ӏаьткъинарг кхин дара. Ахьмад жима велахь а, цадешарх тарлуш делахь а, цо са дӏалучу хенахь цхьаммо Йасин а ца доьшуш, иза валар ӏаьткъинера цаьршинна. Иза дӏаволларан гӏайгӏа а йара. Каш даккха а дезара. Иза керстанашка даккхийтича, муха мир дара а, ца хаьара. Каш-м, гӏаддайча, шаьш а доккхур дара цаьршиммо. Коша вилла а ма везара. Дӏавоьллинчул тӏаьхьа коша тӏехь Йасин, Заӏам ца дешахь а, Къуръанан цхьацца айаташ деша а, доӏа дан а ма дезара. Уьш цхьа а ма ца хаьара Бецина а, Зезагна а. Уьш а, гӏаддайча, тардолуьйтур дара.